Кадыров Ахьмадан цIарахчу регионерчу фондо дийцина ша нохчийн ломанан Дишни-Веданахь некъ билларх лаьцна. Меттигерчу бахархоша дIахьедира Кавказ.Реалиига, оцу белхашна ахча юьртхоша гулдина хилар. Хьалххе дуьйна муьлхха а республикера юкъараллин объекташ фондо шен чоьте язъеш йолу практикан рогIера дакъа хилла цунах, чIагIдо эксперташа. Пхи бIе метр болчу некъана силам (асфальт) билларх лаьцна меттигерчу телехьожийлехь дийцира. ЧГТРК "Грозный" каналан репортажехь Веданан кIоштан администрацин куьйгалхочо Абдулазизов Шарпуддис дIахьедира... Читать дальше...
Москван кIоштийн юккъера Перовскан прокуратуро юха а тIедожийна талламна Нохчийчуьра гей Селимханов ИбрахIим лачкъор листар, 2021-чу шарахь нуьцкъаха Соьлжа-ГIала дIавигинера иза. Сацам марсхьокху-баттахь бинера, амма Селимхановна тIехIоьттина волчу СК SOS кризисан тобанца юкъаметтиг лелош волчу адвокате Алексеев Марке ши де хьалха бен ца кхаьчна иза кхел йоьдучу юкъанна. "Тхан практикехь низам лардаран органаша оьшучул тидам ца бо Къилбаседа Кавказехь а, доккхачу декъанна ЛГБТК+ юкъараллина дуьхьал зуламаш дарна. Читать дальше...
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикан парламентан урхалхочуьнга Даудов Мохьмаде листа аьлла Астраханерчу пачхьалкхан лоьрийн университетан студенташа хиджаб ца лелайойту шайга, бохуш нохчийн зорбанашка дина латкъамаш. Даудов Мохьмад Оьрсийчоьнан могушаллин министраллица зIене ваьлла, бусулба дин лелочу студенташна лоьрийн куйнаш кIелахь хиджаб лело пурба далар тIе а дожош. Кавказ.Реалии Астраханан пачхьалкхан лоьрийн университетаца зIене яла гIоьртина, амма сайтехь хьахийна йолчу... Читать дальше...