Терроризмана бехкевина, шайн хьокъехь бинчу сацамна чуйелла апелляци листаре хьоьжуш ву Гуьржийчохь пхи нохчо-кисто. Кху шеран зазадокху-баттахь кхайкхийнера таIзар, амма кхелйинарш реза бац цунна. Стохка мангал-беттан 24-чохь Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллин Урхаллин спецназан эскархоша талламбира Дуиси, Корети эвларчу МачаликашвилигIеран а, ЦатиашвилигIеран а, БагакашвилигIеран а, КаватрашвилигIеран а хIусамашкахь, дIайехира мобилан телефонаш а, компьютерш а, лецира пхи стаг. ХIусамех хьовсучу заманчохь герз ца карийнера. Читать дальше...
Нохчийчохь мехкан куьйгалхочун посташна бухахь юьту хастаме комментариш толлур ю боташа. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиига хаийтина регионера цхьахйолчу школан куьйгалло, и хаам тIечIагIбина иштта кIоштан дешаран департаментан урхаллерчу хьасто а. И барам болош бу доккхачу декъанна бюджетан организацийн белхахойн "белхан" эвсаралла зуьйш. Цунна лерина электронан кепехь хьалхе дуьйна кечйина цIераш, фамилиш, телефонан номерш, телеграмера id а, инстаграмера никнеймаш а ю. "Бото ягарйийр ю, хьан, маса комментарий йитина... Читать дальше...
Интернетах пайдаоьцуш болу Кхарачой-Чергазийчуьра а, Нохчийчьура а кхаа декъах шиннал сов болчеран лахара терахьаллин хаарш ду – Оьрсийчоьнан* регионашлахь иза уггар а ледара гайтам бу- аьлла ду, статистикийн талламийн а, экономикан хаарийн а Лаккхарчу школан Институто динчу зерашкахь. Лахара терахьаллин карадирзинарг 67,6 процент ду Кхарачой-Чергазийчуьра бахархойн, 66,5 Нохчийчохь, оцу регионашкахь интернете бовла таро ерш дуккха а боллушехь. Кхарачой-Чергазийчохь 91,2%, Нохчийчохь 96,2% - цо регионийн рейтингехь 11-чу а... Читать дальше...
Меттигерчу хьаькамашкара бехкаш даьхна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана балхаца доьзна доцчу гIуллакхе шаьш боьлхуш а цара шайн хадархойх тIехсов пайдаэцарна. Цунах лаьцна цо дIахьедина тIаьххьара мехкан урхалхошца хиллачу кхеташонехь. Мегар ду аьлла регионалан куьйгалхочо, нагахь санна, ша маса тIекхайкхина вогIуш велахь. Цо бахарехь, тIаккха гIаличохь некъаш къовларх а хIума дац – "ГАИ-н белхаочуьнга телефон тоьхчхьана". "Нагахь санна, республикехь оццул хадархой лелон шу декхаре делахь, шу дерриш а оьшуш ма ца хуьлу тIаккха. Читать дальше...