БIеннашкахь Дагестанан бахархой мобилизацина дуьхьал протесташка арабевла. Божарий тIаме хьийсорна дуьхьал уггар а йоккха митинг дIаяьхьира ХIинжа-ГIалахь. 300 стага дакъалецира цу юкъахь, доккхачу декъанна– зударий бара царлахь. Дукхахболу зударий полисхоша дIатоьттура, текхабора, йеттара, сийсазбора, маьттаза бага а лейеш.
Гуьржийн контролан пунктехь де-буьйсанаш даха декхаре бу Къилбаседа Кавказера бахархой совнах дечу хеттаршна тIехула. Оцу юкъанна, уьш пачхьалкха чу буьтур бу ала гарантиш яц. Къилбаседа ХIирийчухула Гуьржийчу кхача гIертачаьрца яьхна видеош а, суьрташ а зорбанашка доху иттанашкахь телеграм-каналаша. Масала, оппозицин нохчийн блогеро Абдурахманов Тумсос яздо, масех де а ду адамаш юург йоцчу меттигехь латтон, ткъа дьюти фри дуьхьал хуьлу царна и латтон аьлла. "Нохчий а, кавказхой а биттане чу ца буьту. Читать дальше...