"Нохчийн Республика кхоьллина 100 шо кхачарна лерина" медалш луш омрана кIел куьйг яздина Кадыров Рамзана. Республикан администрацехь, йа Соьлжа-ГIалин мэрехь болх беш болу мел кIезга а цуьнан 12 гергарчунна делла совгIаташ. Гезгмашин-беттан 20-хь оцу тайпа кехат регионан куьйгалхочун сайтехь арахийцира. СовгIат кхаьчначийн декъехь бу: Кадырова Аймани – регионера Кадыров Ахьмадан цIарахчу юкъараллин фондан президент, Кадыров Рамзанан нана. Делимханов Адам – пачхьалкхан думан "Единая Россия" фракцин депутат, Кадыров Рамзанан гергарстаг. Читать дальше...
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, маьждиге ца лелачу республикан бахархоша шайн еха маж дIаяккха еза. И аьлла цо республикан урхаллица хиллачу рогIерчу кхеташонехь. "Кхин цхьа мода яьржина вайна, газан санна еха маж лелош. Делан дуьхьа лелош яц цара иза – иза Делан дуьхьа лелош верг маьждиге лела веза, ресторанашкахула кхерста хан хила ца еза цуьнан, Iибадан дан деза цо. Зуькаршка, маьждиге леларг – тхо кхета. Церан маж мел еха хилча а тхуна иза новкъа яц. Диснарг вайн гушдерг политикана дуьхьа деш ду... Читать дальше...