Зорбанийн белхахошна юкъахь хIоттош йолчу "Золотое перо" конкурсана лерина тендер кхайкхийна Нохчийчохь, Кадыров Ахьмадан иэсана лерина хир ю иза, таханлерчу республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дена. Барамна лерина 10 млн сом дайъа кийча бу. Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министралло дIакхайкхийначу тендеран техническан тIедилларца а догIуш, толамхошна совгIаташ дIадалар Соьлжа-ГIаларчу барамийн залехь хила деза. Баннершца кечйина хила еза зал, чохь дисплей а йолуш. Читать дальше...