Зорбанийн белхахошна юкъахь хIоттош йолчу "Золотое перо" конкурсана лерина тендер кхайкхийна Нохчийчохь, Кадыров Ахьмадан иэсана лерина хир ю иза, таханлерчу республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дена. Барамна лерина 10 млн сом дайъа кийча бу.
Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министралло дIакхайкхийначу тендеран техническан тIедилларца а догIуш, толамхошна совгIаташ дIадалар Соьлжа-ГIаларчу барамийн залехь хила деза. Баннершца кечйина хила еза зал, чохь дисплей а йолуш. Иштта болх тIелаьцначо 600 хьошалгIа кхайкхаран кехаташ а, 250 баркаллин кехаташ а кечдан деза, цул сов, 200 зезагийн курсаш а.
"Конкурсан совгIаташ: кегийра статуяш, хIора декъашхочунна, кхелахошна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна а, РОФ-н (Кадыров Ахьмадан цIарх йолу регионера юкъараллин фонд, цунах зорбанехь республикан куьйгалхочун "шолгIа казна" олу – Редакцин билг.) президентана а лерина плакеткаш, гран-при а", - яздина ду тендерехь.
750-пробех долу 50 грамм деших йоьттина пелаган кепехь жима статуя яла дагахь бу толамхочунна, иштта миллион сом совгIат а. Толаман меттигаш яьхначарна лерина жима статуяш а, 10 эзар сом совгIаташ а ду – итт толамхочунна кхочур ду уьш.
Цул сов, кхелахошна лерина алапаш ду – Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара кхайкхинчу комиссин декъашхошна 150 эзар хIоранна а, Нохчийчуьрачу кхелахошна (8 стаг) – 100 эзар хIоранна а.
Конкурс дуьненаюкъара ю боху тендерехь. Толамхой къастор йолу критереш билгалйохуш яц. Ша Нохчийчохь йозушйоцу зорба яц, тIаккха республикехь болх беш йолу телехьожийлаш, хаамийн сайташ, газеташ буьззинчу барамехь меттигерчу Iедалан карахь ю.
Нохчийчохь Кадыров Рамзанан да винчу денна лерина 364 барам бара хIотто кечбина – царлахь дара чIара лоцучу нехан конкурс а, социалан хеттарш а. Кавказ.Реалиино дийцира, Нохчийчохь муха даздо Кадыров Ахьмадан вина де, цуьнан доьзална гонаха кхоьллинчу культан хьелашкахь.
Кавказ.Реалиис яздира Кадыров Ахьмадан культ яржорах – махкахь 300 урам бу цуьнан цIе лелош, Соьлжа-ГIалара коьрта майда, паркаш, Нохчийн пачхьалкхан университет, школаш, гимназиш, аэропорт, берийн бошмаш, "Нохчийчоьнан Дог" маьждиг, "Новая газето" цуьнан ларми чохь дуккха а нах байарх лаьцна дийцина, Росгвардин полк а. Кадыровн-воккхахволчун цIе тиллина ЦIоьнтара эвлана – Ахмат-Юрт. Цул совнах, 2020-чу шарахь дуьйна США-н финансийн министраллин санкцийн тептарехь йолу республикера футболан а, латархойн а клубаш, иштта, Кадыров Ахьмадан цIарах фонд а. Кадыровн портреташ го Соьлжа-ГIалин урамашкахь.