Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Шен накъост Афганистане вахарх мотт ца тохарна кхел йина Нохчийчуьрчу вахархочунна

Гуьмсан гIалин кхело бехке лаьрра меттигера вахархо Тасуев Сулим, зуламах лаьцна хаам ца барна – мессенджерашкахула шен доттагIчуьнца дечу къамелехь цунна, дийцарехь, хиина иза Афганистане ваха ойла йолуш хилар, террорхойн тобанехь дакъа лаца Iалашонца.


Бехктакхаман гIуллакхан материалашца а догIуш, мебель арахоьцучу компанехь болх беш волу Тасуев 2018-чу шарахь ватсапехула, телеграмехула къамелаш деш хилла шен накъостаца. Вукхо, бахарехь, дийцина хилла цуьнга, ша иранхойн-афганхойн доза хадо дагахь ву, ИГИЛ-х дIакхетархьама, амма Тасуевс мотт ца тоьхна шен доттагIчунна низамлардаран органашка.


Кхелехь бехкевийриг къера хилла, амма Конституцин 51 артиклана тIе а тевжаш, реза ца хилла кийтарлонаш йала - цо бакъо ло шена дуьхьал тоьшаллаш ца дан.


Артиклехула цунна 100 эзар сом гIуда, йа цхьана шарахь чохь яккха хан тоха мегара. ГIаларчу кхело Тасуев Сулиманна 25 эзар сом гIуда тоьхна.



Карабудахкентскан кIоштан Агачаул-эвлан вахархо бехкевора, шен вевзачу стагна мотт ца тохарна, хаамбора 2018-чу шарахь Дагестанан прокуратурано. Iедалхоша бахарехь, бехкевечунна хууш хиллера шен вевза стаг низамехь йоцу герзаца йолу вовшахтохараллехь дакъа лаца гIерташ хилар, амма хаам ца бинера низам лардаран органашка.
Нохчийчуьрчу Гуьмсан гIалин кхело зуламах лаьцна мотт ца тохарна бехкевина меттигера вахархо Капланов Нурсаит. Нохчийчоьнан вахархочо низам лардаран органше ца хаийтина Шемарчу тIеман конфликтехь шена вевзаш волчу стага Оьрсийчохь магийна боцу даIишхойн агIонехь дакъа лаьцна хиларх. 20 эзар г1уда тоьхна цунна. 
2017-чу шарахь Соьлжа-ГIалин вахархо бехкевина кечдечу терроризмана юкъадогIу зуламах лаьцна мотт ца тохарна. Заводскойн кIоштан кхело билгалдаьккхина, 2017-чу шарахь Г. Мовсаран бевзачу наха дийцина цуьнга, шаьш Шема даха новкъа довлуш хиларх лаьцна, "оцу пачхьалкхан Iедалан эскарна дуьхьала" лаьттачу НВФ-хь дакъа лаца дагахь. Цо мотт ца тоьхначу цунна бевзачу наханна дуьхьала бехктакхаман гIуллакхаш даьхна низамехь йоцу герзаца йолу вовшахкхеталлехь дакъа лаца кечам барна.
 Охан-беттан 18-хь Дагестанера Таймазханова Амнат бехкейира, шен вевза стаг даIишхойн декъехь хиларна мотт ца тохарна. Кхелан сацамца а догIуш, 2020-чу шеран ГIадужу-баттахь мессенджерехула къамел деш цунна хиина, шена вевза стаг ИГИЛ-на куьйгкIелахь долчу латтанаш тIехь царна кхача кечбеш гIо латтош хилар. Оьрсийн низамашца дуьстича, цо дIадийца дезара цунах лаьцна низам лардечу органашка, амма цо иза ца дира.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus