Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Telegram-каналехь комментари йина Iамеркан эскархоша операци дIахьош "Исламан пачхьалкх" тобан куьйгалхо Ал-БагIдади Абу Бакр вийна бохучу хаамна. "Ал-БагIдади Абу Бакр юха а вийна? Коьрте догIу Бульба Тараса шен кIанте Андрийга аьлла дешнаш: "Ас хьо ван а вина, ас хьо вуьйр а ву!", - яздина Кадыровс, хаам бо РИА Новости агенталло. Нохчийчоьнан куьйгалхочун хетарехь, ал-БагIадади веро кIезиг хIума хуьйцур ду, нагахь террорхой дика а, вон а бохуш бекъахь. Читать дальше...
Иракъерчу къилбаседехь дIатарбина хилла Iамеркан эскархой юхабирзина Шемарчу Дейр-эз-Зор провинце, хаам бо The Washington Post газето, шен хьастанашна тIе а тевжаш. Юьш цига дехьабохуш бу Пентагоно "Исламан пачхьалкхан" тIеман тобанех цигара мехкадаьтта доккху меттигаш ларъяран хьалхо дIакхайкхийначу планаца а догIуш. Газето къамел динчу Цхьанатоьхначу Штатийн бюйранчаллан векало дийцарехь, Шеман малхбалерчу территори тIехь дIатарвийр ву маситта бIаь Iамеркан эскархо, амма батальонал а кIезиг. Читать дальше...
Нохчийчхь маьIна дина Соьлж-ГIалин хиллачу мэро Кадыров Ислама адамашна ницкъ беш хиларх лаьцна яьккхина керланийн сюжет гайтаран. Цунах лаьцна яздо "Коммерсанто". Шен цIе цаяккхар дехначу газетан хьастано чIагIдо, керланашкахь иза дийца бакъо елларг республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан ву бохуш. Иза дина "юкъаралла тешо, Кадыров Рамзанан гонехь бан а бац, хуьлийла а дац ямартхой, ткъа нагахь цунна юххерчу цхьанна таIазар дахь, иза хуьлу адамийн хьашташ цунна бен ца хеташ хиларна а, шена тIедиллина... Читать дальше...
Iамеркин тIеман ницкъаш леррина операци дIаяхьна "Исламан пачхьалкх" олучу тобан хьалханчина ал-БагIдади Абу Бакрана дуьхьал, хаам бо Reuters агенталло, шен хьастана тIе а тевжаш. Newsweek зорбан гIирсо, Iамеркан эскаран векална тIе а тевжаш, хаам бина ал-БагIдади рейд дIахьош вийна хиларх лаьцна. Пентагонерчу кхечу хьастано бинчу хаамца "Исламан пачхьалкх" тобанан куьйгалхочун дуьхьал операци хилла Шемарчу Идлиб провинцехь.Цо дийцарехь, ал-Багдадис ша шена тIе куьг даьхьна, шахIидан олу доьхка а эккхийтина. Читать дальше...