Iедалан пурбанца протестан гулам хIоьттира тахана Элистахь. Бахархоша емалдира шайн коьртачу шахьаран урхалле Трапезников Дмитрий хIоттор. 300 стаг ваха магийна гулам бистира массийтта эзарне кхочуш, хаамбо меттиuегрчу «Кавказ.Реаалиин» корреспонденто. 2500 стаг муххале а вара барамехь, чIагIдо гулам вовшахтоьхначу регионерчу «Яблоко» партин декъан куьйгалхочо Боромангнаев Батыра. "Барам бистинчу муьрехь лаьтташ 3-4 эзар стаг хир вара, оха а, Би-Би-Син журналисташа а багарбира баьхкинарш», - элира гулам дIахьош хиллачех цхьамма а ... Читать дальше...
Шемин Туркойчоьнца долчу дозанехь, «Iайн-Iисса» лагерера, «Исламан пачхьалкх» олучу тобанца зIенехь хиларна чувоьллина хилла массийтта бIе стаг ведда, хаам баржийна Курдойн автономин администрацино. Шемин малхбалехь ша террорхой лоручу курдошца тIемаш бечу юкъанна Туркойчоьно тохарш дина «Iайн-Iисса» лагерна гергахь. Оцу хьоло бовда аьтто баьккхина тутмакхийн, чIагIдо курдоша. Юьйцучу набахтехь ву 12 эзар гергга лаьцна стаг, шайлахь кхечу мехкашкара баьхкина зударий а, церан бераш а долуш. ... Читать дальше...
Туркойчоьнан дозанца йолчу Шемарчу нохчийн Рас-эл-Iайн юьртара 17 шо долу вахархо-нохчо вийна курдоша, иза шайца цхьаьна тIом бан ца хIоьттича. Дозанера хьал тергалдечу журналиста Исаев Сосламбека бина «Кавказ.Реалиига» и хаам. "ТIемаш лаьтта ша Рас-эл-Iайнехь. Юьртаца зIе яц. Амма Сулейман Бекир вийнийла билггал гучудаьлла. Цуьнца цхьаьна цхьа Iаьрби а вийна. Уьш реза ца хилла курдошца цхьаьна герза кIел хIитта. Ишта байинчу кхечу нахах лаьцна а дуьйцу, амма къаьсттина кхечарех ала ца хаьа суна. Читать дальше...
Нохчийчоьнан муфти Межиев Салахь Урдунерчу Iедало «Пайхамаран тIаьхьенийн академин» декъа язварца декъалвина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цул совнах, Межиев ву Дуьненаюкъарчу Исламан Лигин лакхарчу кхеташонан а, Мисарарчу Дуьненаюкъарчу фетваш арадохучу Iеламнехан кхеташонан а декъашхо, аьлла Кадыровс. «Исламан мостагIашца луьра ву иза, муьлхха а туьтмIаьжигаш цара тIейохкарх а, уьш ма-барра бевзаш», - яздина шен "ВКонтакте" машанерчу агIонтIехь мехкан куьйгалхочо. Амма машанашкарчу... Читать дальше...
Казанерчу Тинчурин Кариман бешахь гулам хилла шоьтадийнахь. Иза лерина бара бIешераш хьалха Грозный Иванан эскарша гIала йоккхуш эгначу гIезалошна. Барамехь дакъалецира 250 гергга стага, хаамбо "Idel.Реалиин" корреспонденто. ГIезалойн юкъараллин центран (ВТОЦ) куьйгалхочун гIовса Нуриахмет Галишана бахарехь, меттигера бахархой боцуш, гуламе баьхкинаера Чувашера а, Башкирера а жигархой. Акцин декъашхошлахь бара "Хьизб ут-ТахIрир" тобанера ехха хенаш а тоьхна, набахтешка хьийсийначу Башкирерчу 20 жимчу стеган гергарнаш а. Читать дальше...
Даржо шена магочул сов бакъонаш долаэцарна жоьпе озийна ГIалгIайчохь гIишлошъяран министр Iийна Буружев Мустафа (мехкан куьйгаллехь лаьттинчу Евкуров Юнус-Бекан бажа), хаамбо "Интерфакс-о", республикан прокуратурерчу информацина тIе а тевжаш. 2012-2013-чу шерашкахь министралло инвестицин проекте хIоттийна хилла ангали сурсат доккхийла. Цунна дайа оьшучу ахчан Iедалера дакъа – 794 миллион сом – дIахьажийна инвесторе «Артис» фирмане. Амма болх хьочу муьрехь а, я тIаьхьа а ша «Артисо» гIуллакхна юкъа ца диллина шегара догIу 50% ахча... Читать дальше...