Абдулатипов Рамазанан Дагестанан куьйгалхо волчу хенахь, цуьнан хьехамча хилла Махачев Осман дуьненаюкъарчу лехаме велла, баккхийчу барамашкахь кхаьъчнаш эцарна бехке веш, яздо "Регион Online" портало. Москварчу Басаманан кхело "каравеъначул тIаьхьа шина баттахь лаьцна латто" кхачийна Махачев. Амма дуьйцуш дац, мел ахча, хIун "гIуллакх дарна" схьаэцна цо. Махачев Осман ву Дагестанан медицинан-социалан экспертийин хьукматехь директор лаьттинчу Махачев Мохьмадан ваша (иза а ву баккхий къаьънаш эцарца доьзна талламо зуьйш).
Аккхийн кIошт меттахIотторхо хуьйцуш ву, Барахоев Ахмадан дов - Еропан кхелехь, ГIалмакхоша хIоллам хIоттийна Чингисханна (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Хандешан кхаа хенах цхьаъ ю ЙОГIУ ХАН. ХIума данза, амма дийр долуш хилар гойту цо.
Дагестанан премьер-министро Здунов Артема шен омрица даржах мукъаваьккхина Новолакан кIоштара гIазгIумкий кхечу меттигашка дIакхалхорах жоп луш хилла Антаев Махьмат. "Дагестанан Новолакан кIоштахь беха гIазгIумкий кхечу метте дIакхалхоран урхаллин куьйгалхочун гIовс, Аухан кIошт меттахIотторах жоп лучу урхаллин куьйгалхо Антаев Махьмат даржера мукъавоккху пенсе вахарца доьзна", - боху документо. Омра арадаларх йолу информаци бакъйира Дагестанан Iедалан пресс-гIоьнчалло. Цкъачунна хууш дац, мила... Читать дальше...
Оьрсийчоьхь Чингисханна дуьххьара хIоттийна хIоллам бу ГIалмакхойчуьрчу Привольни юьртахь схьабиллинарг, хаамбо ТАСС агенталло. Шина шарахь къахьегна хIоллам беш, васте диллина исторехь хилла дерг, дийцира болх юьхьар а лаьцна, доккхачу декъанна шен ахчанах чекхбаьккхинчу меттигерчу говраш кхиочу "Улан-Хееч" бахаман инарла директора Сангаджиев Джангара. " Туьлга-аьчка хIоллам бу иза: йиъ метр лекха Чингисханан васт эцна вогIу цуьнан виъ бIаьхо, тIехь ю 4 байракх. Монголийн 4 гаран векалш бу баьччина гонах. Читать дальше...
Сепаратисташа лаьцна латточу Донбассна автономи яллане а лойла дац, элира Украинан президента Зеленский Владимира шен пресс-марафон йоьдуш Маршо Радион "Карана Хан" проектан хаттарна жоп луш. "Шатайпа статусах долу низам дуьйцуш делахь, цуьнца доьзна вайн хьехайойла дац автономи. Гуманитаран гIуллакхаш ду хьехораш: маттах дерг дуьйцур ду, регионехь оьрсийн мотт базбарх. Цкъачунна шатайпана статусах долу низам проектехь бен дац. Цо билгалдоху хIуманаш дац "Нормандин форматца" шалхадовлуш", - аьлла Зеленскийс. Читать дальше...
Европерчу адамийн бакъонийн кхеле кхаьчна ГIалгIайн къоман цхьааллин комитетан, Тайпанийн кхеташонан векалан Барахоев Ахьмадан арз. Оцу хьокъехь "Кавказ.Реалиига" хаамбина "Бакъонан инициатива" юкъараллерчу юристаша. Бух а боцуш лаьцна кхабар (Адамийн бакъонийн конвенцин 5-гIа артикл талхор), итт денна административан низамца изоляторехь латтор дIадахдар (Конвенцин 6-гIа артикл талхор), гулам дIасалахкар (Конвенцин 11-гIа артикл талхор), политикан буха тIехь лацар (Конвенцин 18-гIа артикл талхор)... Читать дальше...
Челябинск мехкан Копейскерчу №1 набахтера мукъаваьлла криминалан гонашкахь шех Шалинский Ахьмад олуш волу 38 шо кхаьчна нохчо, "низамера къу" Домбаев Ахьмад, хаамбо "Обзор" портало. Иза гергарчаьрца цхьаьнакхетча яьккхина видео ю Instagram-ехь. Москох 2009-чу шарахь лецира Шалинский Ахьмад, 2011-чу шарахь набахтин луьрачу хьелашкахь такха итт шо хан туьйхира цунна, и хан чекхъялла кху кхаарийдийнахь. "Тажтиллира" цунна (Оьрсийчуьрчу криминалитетан декъо "низамера къу" хаьржира) 2012 шо доьрззуш. Читать дальше...
Хушет тIеваха хала долчу эвланех ю Дагестанехь. Ша-тайпа юрт а ю иза.