Шеман дозане кхин а эскарш а, тIеман техника а тIеузуш ю Туркойчоь Акчакале кIоштахь. Де хьалха президенто Эрдоган Реджепа дIакхайкхийра туркойн эскарш кийча хиларх лаьцна, Ефратана малхбалехьа йолчу Шеман территори тIехь тIеман операци дIайоло. Эрдгана дийцарехь, цу операцин Iалашо ю, Iамерко гIортор а еш, цу меттехь дIатарйелла курдойн герзаца йолу тобанаш дIа а яьхна, цигахь кхерамазаллан зона кхоллар. Шеман арахьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедар дина, шайн территори тIехь кхерамазаллан... Читать дальше...
Iамеркан Федералан талламан бюрон (ФБР) эпсарша Нью-Йоркерчу аэропортехь, саца а йина, лейина "Диалог Форт-Росс" форумехь дакъалаца яхана Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думан депутат Юмашева Инга. Цунах лаьцна хаам бо РИА Новости агенталло. Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь волчу Оьрсийчоьнан векало Антонов Анатолийс хаам барехь, Iамеркан талламан сервисан белхахоша лейина Юмашева цхьана сохьтехь. Цо чIагIдарехь, депутате делла "мегар доцу" хаттарш. Антоновс дийцарехь ФБР-ан белхахоша формала доцчу хьолехь цхьаьнакхета кхайкхина Юмашева Инге. Читать дальше...
Дагестанехь хенал хьалха бакъонаш билгалъяьхна кехат (мандат) охьадиллина 2-на депутато. Иза царна тIедожийнера республикерчу прокуратуро. Гучудаьлларг ду шина парламентарино низам дохийна хилар муниципалан гIуллакх дарх а, коррупци лелорна дуьхьало ярх а лаьцна долу. Иштта Гергебилан кIоштахь Аймаки эвларчу депутато шен хеннахь хаам бина ца хиллера шена а, шен хIусамнанна а, берашна а 2018-чу шарахь хиллачу пайданах лаьцна. Коррупцина дуьхьал низам дохийна волу шолгIа депутат карийнера НогIийн кIоштахь. Читать дальше...
Соьлж-ГIалахь, республикан куьйгалхоша а, гIалин де даздан баьхкинчу хьешашаша а дакъа а лоцуш, схьайиллина Чермоев Орцин цIе тиллина эвла. Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедиллинера меттигерчу Iедалшна 35-чу а, 56-чу а гIалин дакъошна реконструкци яр. Кхаа баттахь цигахь ехкина берийн ловзу меттигаш, дехкина некъаш, тесна газан а, хин а биргIанаш, тодина маьждиг а, 35 цIа а, 23 пхеа петарх лаьтта коттеджаш а, 42 нехан долара хIусам а. Керла хIусамаш лур йолуш ю 200 гергга доьзална. Читать дальше...
ГIалгIайчохь кхин дIа хир яц Кхерамазаллан кхеташо. Иза дIасахецна хиларх лаьцна хаам бина республикан министрийн кабинетерчу хаьстано ГIадужу-беттан 5-хь. Болчу хаамца, ГIалгIайчохь юьтур ю, Кхерамазаллин кхеташонан декъашхой юкъахь хилла, республикан антитерроран комиссин апппарат. ДIасахецна кхеташо коллективан орган яра, республикехь экономикан а, юкъараллин а, экологин а, адамийн бакъонаш ларъяран а, низамаш кхочушдаран а, къепе латторан а хаттаршкахула куьйгалхочунна сацамаш кечбеш йолу.