ГIебарта-Балкхаройчоьнан лаьмнашкахь вайна Петарбухара турист орцанхоша лоьху шолгIа де а ду. Мехкан орцан министралло даредарца, шоьтадийнахь вайна ву турист. Дых-Суу олучу чIоже иза кхаьчначул тIаьхьа сецна зIене волучуьра. ЧIожехь а, цуьнан гонашкахь а лехна вайнарг кеманца. Орцан министарллан белхахоша кхи дIа а лоьхуш, талламаш бу дIахьош, яздо "Юга.ру" хьостано.
Шинаридийнахь Хазар эвлахь хино даьхьначу йоьIан а, кIентан а декъий карийна Дагестанерчу Дербентан кIоштахь. Республикерчу орцан министарлло дийцарехь, шоьтан суьйранна хичуьра хьаладаьхна цушиннан декъий. Сингаттам баьллачу дийнахь дуьйнна хаддаза лоьхуш дара йоI, кIант, кхоьллинера лехаман шатб а. Орцан министраллан информацица, операци дIахьош тIеоьзнера 82 стаг, 25 кеп-кепара техника, МИ-8 кема а.
Белградехь шоьтадийнахь вийна адвокат Огнянович Драголов Миша. Керлачу Белградерчу шен хIусам чу воьдучу заманчохь вер нисделла иза. "Блиц" газетано хааме даккхарца, йинчу кIелонехь ишта куьг лазийна адвокатан 26 шо долчу кIентан. Гаагерчу трибуналехь Югославин хиллачу президентан Милошевич Слободанан адвокатийн тобанехь болх беш вара иза. Сербин зорбанаша яздарехь, Сербехь а, Черногорехь а къиза зуламаш лелийнарш Iалашбеш а вара и адвокат. Криминалан авторитетан Бойович Лукан адвокат хIоьттинера иза тIаьххьарчу хенахь. Читать дальше...
Москох полисхочунна тIелатар дина жимстаг лаьцна аьлла, хаамбо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хьосташна тIе а тевжаш, "Керланаш" агенталло. Полисхойн декъе дIавигина жимстаг талламаш дIабахьа. Хьалхо хаамбира, Москох полисхочунна тIелатар дина, уьрсаца чевнаш йина Нохчийчуьра схьаваьллачу 17 шо долчу Бериев Илеса аьлла. ПIераскандийнахь хилла и инцидент. Словакин векалтна гергахь 30 шо долчу полицин капитанна урс диттинера жимчу стага. Чевнашца дарбан цIийне валийнера полисхо. Бериевна дуьхьал зуламан гIуллакх диллина... Читать дальше...