ГIажарийчуьрчу Коррамшар гIалахь меттигерчу бахархойн тасадаларш хилла полисхошца хинан къоьлла бахьана долуш. ИРНА агенталлан хаамашца, протестхоша Iедална критика еш лозунгашца маьхьарий а диттина. БIаьргаш Iовжон газ хецна гулбеллачарна дуьхьал полисхоша, шайна тIулгаш детта буьйлабелча. Буса сахиллалц къепе йохош, арахь лаьттина нах. Протестхой гулбеллачуьра яржийначу видео тIехь хезаш ду дуьйлу герзаш, лазийна, вийна стаг ву вац хоуьйтуш дац цкъачунна. Хи тоьаш ца хиларна митингаш хIиттийра... Читать дальше...
ГIалгIайчуьрчу "Магас" аэропортна гена йоцчу Сунжехь тIеман "Урал" машен а, "Газель" а вовшахкхетта хиллачу бохамехь лазийна виъ стаг, ду царлахь кегий бераш а, хаамбо "Интерфаксо". "Некъан бохамехь лазийна цхьа зуда а, кхо бер а Сунжа кIоштарчу дарбан цIийне кхачийна", - яздина "ГIалгIайчоь" хьостано.
Нохчийчуьрчу шолгIачу тIамехь а, Къилбаседа Кавказехь контртерроран операцешкахь а эгначу ГIалмакхойчуьрчу эскархойх лаьцна документалан "Со юхавирзича -3" кинон презентаци хилла Элистахь. Байинчийн наноша латкъамбина, шайн доьзалийн тахана а тIеман гIуллакх деш кхелхинчийн статус цахиларх, оцу бахьанашца пачхьалкхан дукхачу хьелех пайдаэца таро яц шайн цахиларх а. Хьалхо зорбанаша даржийра, стохка Iай "Со юхавирзича -3" филм яккхар ханна дIатеттина, ахча цахиларна аьлла. Нохчийчохь ГIалмакхойчуьра тIемаш бинчийн гергарчара дIахьедора... Читать дальше...
Дуьненан чемпионатна хьажийна пачхьалкхан I, 8 миллион доллар ахча дохкарна шеконашка эцна Мисарара футболан ассоциаци. Sportboxru гIирсо бина и хаам. Мисаран инарла прокуроро Садек Набила гIуллакх таллар тIедожийна талламчашна. Erem News хьостано, инарла прокуроран дIахьедарна тIе а тевжаш яздо, турнирехь хиллачу Мисаран векалша 1 миллион 800 эзар доллар ахча лачкъийна, Нохчийчохь куп тоьхначу тобан хьашташна дайина шаьш а аьлла. Цу хьокъехь иск чуелла Мисарарчу адвокато Ан-Нимр Мухьаммада.... Читать дальше...
Министрийн кабинетан лаамца Оьрсийчохь коммуналан ял тIекхеташ ю кIирандийнахь дуьйнна 4 процентна. Инфляци сацорхьама шарахь цкъа коммуналан барамна индексаци еш ю шаьш аьлла, кхетадо цара. Къаьсттина мах лакхабаьккхина Москохан, Новгородан кIошташкахь 5,5 %, Петарбухахь 6 %, Башкортостанехь 5,9. Уггар индексаци лахара йинчу регионашлахь ю Къилба ХIирийчоь (3%), ГIебарта-Балкхаройчоь, Дагестан (3,3 %), Кхарачойн-Чергазичоь а, Нохчийчохь а, Адыгейхь а 3,4 %.