2018-чу шеран футболан чемпионатехь дуьненан чемпион яьлла Францин тоба. Москохарчу "Лужники" стадионехь Хорватерчу командаца 4:2 чоьтаца йирзи матч. Дуьненан чемпионаталле шолгIа яьлла Франци. Москох матче хьажа веанера Францин президент Макрон Эммануэль а.
Эстемирова Наталья йийна 9 шо даьллехь а, бирзина а бац таллам. Бехкениг мила ву а дац къастийна хIинца а. Схьахетарехь, гергарчу хенахь, кхолладеллачу хьолехь, иза къаьстар ду ала а дац.
Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца Украинех, ГIажарийчоьнах, Шемах лаьцна къамел дан дагахь ву Францин куьйгалхо Макрон Эммануэль. Францхойн президентан гонерчу хьостано бина и хаам Reuters агенталле. Елисейн цIийнехь хьалхо официалехь тIечIагIдира, Макрон кIирандийнахь Москох вогIуш ву дуьненан чемпионатехь Францин, Хорватин матче хьажа. Ловзар доладалале Путинца дийцарш дан дагахь а ву аьлла. Петарбухахь ахфинал йоьдуш а веанера Макрон, амма оьрсийн Iедалан векалшца цхьанакхетар ца хиллера цуьнан. Читать дальше...
Дагестанера, Нохчийчуьра, ГIалгIайчуьра, ГIебарта-Балкхаройчуьра, Адыгейра, иштта кхечу регионашкара а 50 гергга зудчо дехар дина Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, Иракъехь набахтехь латто шайн доьзалш цIаберзош, гIо доьхуш. Кеп-кепарчу хьосташа яздарехь, Иракъехь а, Шемахь а бIе я эзарнашкахь бераш ду билгалбаьхначу мехкашкара. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн могIаршкахь эшамаш хила боьлчхьана шайн гергарчу зударийн а, берийн а дахарна а, могушаллина а кхераме хьал хIоьттина цигахь, боху цара. Читать дальше...