Оьрсийчоьнна дуьхаьл кхайкхийна санкцеш бахьана долуш хIора денна 7 миллион евро барамехь эшам хуьлу Италина. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца Соьлж-ГIалахь цхьаьнакхеттачу Италин хиллачу сенаторо Роберто Мура. Цо дийцарехь, санкцеш кхайкхийначул тIаьхьа 10 эзар белхан меттиг дIаяьлла церан пачхьалкхехь. Цундела и проблема, Оьрсийчоьнан хилла ца Iаш, Италин а ю, аьлла хета Мурна. Италера делегаци кхаьчна Соьлж-ГIала Марсхьокху 21-чу дийнахь. Оцу тобанна хьалхаваьлла ву экс-сенатор. Читать дальше...
Кремлан зорбанан сервисо бинчу хаамца, Шемарчу бахархошна гIо дарца доьзна хаттарш дийцаре дина телефонехула Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а, Францин президенто Макрон Эммануэла а. Ша аьлча, шина агIоно барт бина гуманитаран гIо кхачо Димашкъана гергахь йолчу Малхбалерчу Гуте. Оьрсийчоь реза хилла цу гIуллакхна юкъаозо шен цу хьашташна кхоьллина йолу транспортан инфраструктура. Гуманитаран гIо бахархошна дIасадоькъур ду Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан векалша.
Оьрсийчоьнан федералан кхерамазаллин сервисан (ФСБ) антитерроран комитето зорбане яьккхина Яндиев Аслан Словакера Оьрсийчу дIакхачорах видео. Цу тIехь лаьцначо дагардо шена Оьрсийчуьрчу Iедалша дехкина бехкаш. Яндиев видеона тIехь готуш ву цкъа дуьххьара Словакехь а, цул тIаьхьа Оьрсийчуьрчу аэропортехь а. ФСБ-но бинчу хаамца, Яндиевна бехке дуьллуш ду 2006-чу шарахь Буру-гIалахь, 4 стаг а вуьйш, терроран тIелатарш дар. ФСБ-но чIагIдо иза Басаев Шемилан тобанан декъашхо хилла бохуш. Яндиевс шена буьллу бехкаш тIе ца дуьту. Читать дальше...
Батумехь керла маьждиг дийр ду Гуьржийчоьнан ахчанах, дIахьедар дина Аджарин Iедалан куьйгалхочуьнан дарже кандидат волчу Рижвадзе Торникес, рогIера йоцчу Лаккхарчу кхеташонан сессехь, хаам бо "Грузия онлайн" агенталло. Маьждигах лаьцна хаттар делларг вара "Къоман боламан" векал. "Аджари мултикултуран а, мултидинан а регион ю. Массеран а, бкъаонаш ларъян езаш ю. Юкъараллан хетарг тидаме а эцна, сацам бийр бу вай гергарчу хенахь. Маьждиг мичахь хир ду а, кхин дерг а дIанисдийр ду юкъараллан маслаIат хилар тидаме а оьцуш. Читать дальше...
Оьрсийчоьн талламан комитето бакъ ца до шаьш Ярославан кIоштарчу №1 колонехь тутмакхна ницкъ бина белхахо лаьцна бохург. Оцу колонин белхахо Яблоков Максим дIавигна, гIоьмаш а тоьхна, аьлла хаам бинера "Общественный вердик" фондерчу бакъонашларъярхоша. Цара а билагалдаьккхара шайгахь цу хьокъехь официалан хаам ца хилар. ТАСС бинчу хаамца, лаххара а Товбеца-беттан 21-чохь сарахь 11 сахьт долуш цу гIуллакхехула лаьцна стаг вац аьлла цу агенталле таламан комитетехь. Стохка Мангалан-баттахь Ярославан... Читать дальше...
Талламхоша лаьцна Ярославан кIоштарчу №1 колонехь тутмакхан къиза ницкъ бинчу белхахойх цхьаъ. Цунах лаьцна хаам бина "Общественный вердик" фондерчу бакъонашларъярхоша. Цара дийцарехь, цу колонин белхахо Яблоков Максим дIавигна, гIоьмаш а тоьхна. И хаам Талламан комитетао тIечIагIбина бац. Стохка Мангалан-баттахь Ярославан кIоштарчу №1 колонехь кIиза йиттинера цигахь хан токхучу Макаров Евгенийна. Талламан комитето таллам болийна. Цу урхаллан белхахоша теллина "Новая газето" шотдийнахь зорбане яьккхина видео. Читать дальше...