ОвхIанистанехь тIалибаша нохчийн кхо зуда тIехь ницкъ а бина, йийна бохуш, зорбанашкахь даржар бакъ ца дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "ОвхIанхойн хIун ю цахуучу Haama Press хьостанна тIе а тевжаш, оьрсийн хаамийн гIирсаша хазахетарца даржийна, даIишхойн тобанехь хилла Нохчийчуьра кхо зуда йийна аьлла", - резавоцуш яздо Кадыровс шен Телеграм-каналехь. Кадыровс бахарехь, Haama Press агенталла шайн овхIанхойн эскаран 209-чу корпусерчу къайлахчу хьостанех пайдаэцна, ткъа цара "меттигерчу цIарах ца буьйцучу гIирсо" даржийна боху.
Германино шайн пачхьалкхера араваьккхина нохчо Шереметьево аэропортехь волу кхо де а ду
Пакистанан Къилба Малхбузерчу Мастунг гIалахь Iожалхочо тIелатар а дина, 128 стаг вийна, ахбIе лазийна ву. Харжамаш дIабахьале хIоттийначу митингехь терроран тохар дина пIераскандийнахь. Йолчу информацица, вийна меттигера цхьа кандидат а. Оццу дийнахь Банну гIалахь хиллачу митингехь а дира эккхийтар, 4 стаг а вуьйш, 30-нна кеп-кепара чевнаш а еш. Дахначу шинаридийнахь Пешаварехь хIоттийначу митингехь а дира Iожалхочо эккхийтар. 20 сов стаг вийра, шайлахь меттигера кандидат а волуш. ТIалибаша шайн тIе лецира жоьпалла.
Гуьмсан кIоштахь саьнгаро такхийна диъ шо долу йоI кIелхьараяьккхина меттигерчу шина вахархочо. Маьхьарш хезна тIекхаьчначу некъан полисхоша дарбан хIусаме кхачийра бер. Мартынкаев Турпал-Iелина а, Юсупов Зеламханна а гина хилла, хино йоI хьош. Кхо метар кIорга саьнгар чу а иккхина, цушинна аьтто баьллера йоIана гIоьнна кхача. Гена боццуш некъаца лаьттачу полисхошна дIахезнера кхеран гIовгIа, орцахбевллачу цара хьем ца беш лоьрийн кара кхачийнера йоI. Гуьмсерчу дарбан хIусаман реанимацехь ду бер... Читать дальше...
Урамашна цIераш тохкучу комиссино кхааридийнахь дIакхайкхийна Киеверчу Шевченкон кIоштарчу урамна Окуева Аминин цIе тилла шайн лаам хиларх. ГIалин кхеташонан депутато Пинзенык Олесяс бина и хаам, яздо Страна.ru портало. "Хазахета цу кепарчу лаамна массо а тIетайна: ГIирмин-гIезалойн меджлисан куьйгалла а, халкъан депутаташ а, цуьнан тIеман накъосташ а", - аьлла депутато. Хаамбарца, керла проектехь болу урам бу иза. Гергарчу заманчохь юкъараллехь дийцадоккхур долуш ду и хаттар. Яхначу гурахь... Читать дальше...
"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобана юкъахь хилла Нохчийчуьра схьаяьлла кхо зуда йийсарехь латтийна, цул тIаьхьа йийна "Талибан" радикалан боламан гIаттамхоша Къилба Малхбузерчу ОвхIанистанан Джаузджан провинцехь, хаамбо Интерфаксо. ТIемалойн хаамашца, Дарзабан дозанехь доьалгIа де а ду "Талибанна" а, даIишхошна а юкъахь тIемаш лаьтта. Малхбузера тIелетта тIалибаш "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн позицешна. ТIеман талламхойн зерашца, кхаа дийнахь шина а агIонан вийна 100 сов стаг.
"Новая газетан" офисна уллохь беш йиллина журналистан Политковская Аннин цIарах. Иза йоьллучу дийнахь кхайкхинера цуьнан нана Мазепа Раиса а. Иштта дакъалецира газетан коьртачу редакторо Муратов Дмитрийс а, "Эхо Москвы" радион коьртачу редакторо Венедиктов Алексейс а, иштта масех пачхьалкхашкарчу дипломатин векалша а, журналисташа а, бакъонашларъярхоша а. "Халкъо Iалашъеш ю" аьлла, билгало йинчу бешахь дIадийра зезегаш, дуьйцу Маршо Радион корреспонденто. 2006-чу шеран гурахь йийра Москох Политковская Анна. Читать дальше...