Москвара митингехь омонхойх тийсаваларна набахте хьажийна Нохчийчуьра вахархо Джумаев Сайд-Мухьаммад гIуданан изоляторчу хаийна, хаамбира дечкен-беттан 30-чохь цуьнан ненайишас инстаграмехь (тIаьхьо пост дIайаьккхира). Цунна хетарехь, чиллан-беттан 3-чохь Джумаевн ненаца хила дезачу цхьанакхетарна новкъарло йан хьийза колонин администраци. ТаIзар динчун гергарчо зорбане йаьккхинчу поста тIехь бахарехь, иза ШИЗО-хь волу иссолгIа де а ду. Хууш дац, мича бахьанашца хьажийна иза цу чу. "ХIаъ, нанна хала ду! Читать дальше...
"Маьршайаккха Мусаева Зарема" аьлла плакат карахь пикете йаьлла жигархо Сайфутдинова Анна лаьцна Москвахь. Дечкен-беттан 29-чохь Кремлна гена йоццучу Пушкинан майданахь акци хIоттийнера цо. Бакъоларйаран "ОВД-Инфо" проекто бечу хаамца, Сайфутдинова лаьцначул тIаьхьа полицин декъе дIайигинера иза, амма цул тIаьхьа протокол а ца хIоттош, дIахецнера. Жигархочьунга йаздайтинера акцих лаьцна, билгалдоккху бакъонашаларйархоша. Мусаева Зарема – оппозицин жигархойн ЯнгулбаевгIеран Абубакаран а, ИбрахIиман а, Байсангуран а нана ю. Читать дальше...