Авторан бакъонаш йохорна нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телерадиокомпани 100 эзар сом ахча дала декхаре йина Ессентукерчу кхело, аьлча а – нехан сурт лелорна. "Восьмая заповедь" олу Волгоградерчу компанино делла кхеле и арз, Нохчийчоьнан Арбитражан кхело и тIе ца лаьцна, амма Ессентуки гIалин ЙалхийтталгIачу аппеляцин кхело и сацам хийцина. 2017-чу шеран гезгмашин-баттахь ЧГТРК "Грозный" каналан сайтехь хаам арахийцира "Нохчийн Республико а, Ямало-Ненецкан махко а йукъаметтигаш лелоран барт бийр бу" цIарца... Читать дальше...
Дечкен-беттан 3-хь велла волу оьрсийн политик, РСФСР-н Лаккхарчу кхеташонан тIаьххьара куьйгалхо, Оьрсийчоьнан Федерацин Лаккхарчу кхеташонан хьалханча Хасбулатов Руслан дIавоьллина Нохчийчохь. 80 шо дара цуьнан лечу муьрехь. И ваьхначу Девкар-Эвлахь дIавоьллина иза. Хасбулатов Руслан 1942-чу шарахь вина Соьлжа-ГIалахь, шен ши шо долуш Сталинан депортацех зен хилла цуьнан, нохчий а, гIалгIай а махках бохучу хенахь, жималла Казахийн СССР-хь дIайаьхьна цо. 1965-чу шарахь МГУ-н юридикан факультет чекхйаьккхина цо. Читать дальше...
ГIалгIайчуьрчу Iедало пенсеш сецор кхетийна "электронан гIуллакхашкахь нийса хаамаш ца хиларца". Цунах лаьцна республикан куьйгалхочуьнца Калиматов Махьмуд-Iелица хиллачу цхьанакхетарехь дийцина Оьрсийчоьнан Пенсин фондан регионерчу декъан урхалхочо Евлоев Зубайра. "Фортанго" дийцарехь, гIадужу-баттахь ГIалгIайчоьнан бахархошна шина кIирна сацийнера пенсеш схьадалар. Калиматовс оцу хенахь дIахьедина ма-хиллара, республикехь рогIера талламаш дIахьочу йукъанна гучубевллачу керлачу кхачамбацаршца доьзна дара бахьана. Читать дальше...