ГIалгIайчоьнан Несаран кIоштан полици дуьхьал хилла хIусамехь ницкъбарна тIехула 18 шо долчу Гиреева Лайлас чуделлачу орзана тIехула бехктакхаман гIуллакх доло. Гурахь шен доьзалера Санкт-Петербурге йедира иза. Дуьхьало йаран бахьанаш дуьйцуш дац, низамца бIостанехьа и доллушехь, боху оцу сацамна кхелехь латкъам бан дагахь йолчу "СК SOS" кризисан тобано. Иштта бакъоларйархоша хаамбо, хIуманаш лечкъийна аьлла Гирееван нанас шен йоьIанна дуьхьал деллачу орзана тIехула долийначу гIуллакхна дуьхьал... Читать дальше...
ГIалгIайчоьнан Малгобекан кIоштерчу Доьлака эвлахь дечкен-беттан 10-хь хIусаме хьежначул тIаьхьа ницкъахоша вадийна вигира меттигера вахархо Атаев Казбек. Дечкен-беттан 16-хь бен гергарчу наханна билгал ца делира и Малгобекерчу ИВС-хь латтош хилар, гIалин кхело и лаьцна латтош сацам бира. ТIечIагIбина боцучу хаамашца, дуьйцу "Фортангано", Атаевна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна, цуьнан хIусамехь граната карийна, аьлла бехк биллина, зорбанан хьостано бахарехь, и ницкъахоша кIел кхоьссина йу. Читать дальше...