Нохчийчуьра Iалхан-ГIалахь бакъоларйаран органийн белхахоша мел кIезиг а меттигера 20 стаг лачкъийна вигина. Церан гергарчара чIагIдо, уьш МВД-н Грозненскан кIоштарчу декъан ларми чохь латтош бу, цигахь царна тIехь хьоьгуш Iазап а ду. Ткъа урхаллехь дIахьедина, "хууш хIуммаъ дац" шайна аьлла. Ницкъахоша Iалхан-ГIалахь рейдаш йолорах дечкен-беттан суьйранна хаийтира Кавказ.Реалиига меттигерчу шина вахархочо. Полисхоша хIусамашкахула чекхбуьйлуш, дIабуьгура нах цхьана "чоьхьарчу тептаршца". Лецнарш кхин а дуккхаъ хила тарлора... Читать дальше...
Дагестанан вахархочунна Шамбилов Ренатана диъ шой, ворхI буттий хан кхайкхийна колонихь йаккха 1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскархошна тIелатарна. Оцу кепара сацам бовзийтина Хасав-Юртан кIоштан кхело. Талламан версица, тIеман буьйранчаша Басаев Шемала а, Хаттаба а герзашца вовшахтоьхначу тобанашлахь хилла ву Шамбилов, цо дакъалаьцна Дагестанера Ботлихан кIоштахь оьрсийн салтишна тIелеташ. Бакъоларйаран органийн белхахочун дахарна кIело йарна кхело бехк тIехь битина цунна, хаамбо "Интерфакс-Юг"... Читать дальше...