Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думе инициатива кховдийна Нохчийчоьнан парламенто Библи а, кхиндолу керстанан йозанаш а, иштта КъорIан а, хьадисийн тептарш а, исламан канонан йеа школан (Ханафитийн, Маликитийн, Шафиитийн и Ханбалитийн мазхьабаш), Танах (жуьгтийн Библи) а, Ганджур (тибетийн буддистийн канон) а экстремистийн материалаш ларар дехка аьлла. Парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада куьгйаздинчу кехата тIехь Нохчийчоьнан Iедалхоша йалийна Конституцин 28-гIа артикл, цу тIехь аьлла ду эхьан а, динлелоран а маршонех. Читать дальше...
Полисхочунна тIелетта аьлла Мусаева Зармина – бакъоларйархочун Абубакаран а, оппозиционеран ИбрахIиман а ЯнгулбаевгIеран нанна дуьхьал долийна гIуллакх толлучу Соьлжа-ГIаларчу Ленинскан кIоштан кхело пурба делла кхелан-медицинан экспертиза кхин цкъа а йайта. Адвокаташа иштта доьхура кхечу регионехь керла экспертиза йайтар, амма оцу декъана дуьхьало йира кхело, хаамбо "Iазапашна дуьхьал Командо". Адвокаташна Немов Александрна а, Савин Александрна а тIетевжина, "Сотас" билгалдоккху, Мусаеван гIуллакхан... Читать дальше...