"Амир Магас" санна вевзаш волчу ГIалгIайчуьрчу вахархочунна Тазиев Iелина велла дIаваллалц къаьсттинчу рожан колонехь йаккха хан тоьхна. Къилбан тIеман гонан Ростов-на-Дону гIалин кхело бина иштта сацам. Полисхошна а, ГIалгIайчоьнан бахархошна а 2009-2010-чу шерашкахь тIелатар дарна бехке лаьрра иза, йаздо ТАСС-о. 2010-чу шарахь ша дIалацалц вевзаш волу буьйранча вара Тазиев. "Вилайят Галгайче" (Экстремистийн "Имарат Кавказан" чоьтехь йолу "Кавказан фронтан гIалгIайн сектор") тоба кхолларна бехкево иза. Читать дальше...
ГIалгIайчохь пенсеш далар сацорна резабоцу иттанаш нах митинге арабевлла Пенсин фондан республикерчу гIишлонна хьалха. Меттигехь хадеш полисхой бу, карарчу хенахь дIалецначех хаамаш дац. Пенсин фондан гIалгIайн декъехь Кавказ.Реалиин сайте дIахьедира, гIишлонна хьалха гулбелла нах – уьш митинге гулбелла бац, лоьрашна тIекхача луучу нехан рагI йу элира, тIаккха меттигера полисхой "терроран кхерамазалла ларйан Iалашонца" баьхкина бу, бохура. Пенсеш сецор тIелецира хьукматехь, амма "ишттачу барамашкахь дац" аьлла билгалдаьккхира. Читать дальше...
"Москва-Буьри-гIала" боьдучу цIерпоштехь Къилбаседа ХIирийчуьра ММА-н латархочун Гаглоев Георгийн дакъа карийна. Ростове-на-Дону гIаларчу цIерпошташ латточу меттигехь карийна иза. Латархо нуьцкъаха вийна хила тарло, бохуш йаздо пачхьалкхан ТАСС агенталло, спортан сферерчу хьостана тIетевжаш. Гаглоевн гIайбица садукъийна, боху Baza телеграм-канало, шен хьастийн цIерш ца йохуш. И хаам харцбо Къилбаседа ХIирийчоьнан Kryliatv.ru зорбано. Низам лардаран органашкарчу хьасташна тIе а тевжаш, зорбано чIагIдо... Читать дальше...