Мехкан Iедалхошна критика йарна Нохчийчохь лачкъийначу СолсаевгIеран вежаршна тIехь ницкъбарх хаийтина церан гергарчу стаго. Солсаевца цхьаьна Iалхан-ГIалара лачкъийна вигина кхин а 18 стаг. Нохчийчоьнан куьйгаллина критика йарна СолсаевгIеран вежаршна тIехь Iазапаш хьегна, хаамбина Кавказ.Реалиига, Европехь Iаш волчу церан гергарчо. Лачкъийна бигинчех вейтта стаг вевзаш ву къамелдечунна, уьш цуьнан хилла лулахой бу. "Суна хаарца, Грозненск кIоштан РОВД-хь латтийна СолсаевгIар, ларми чохь, ткъа... Читать дальше...
Полисхоша 20 гергга стаг лачкъийна Іалхан-ГIалахь – уьш лецаран бахьана хууш дац. Дийцарехь, лечъийнарш Соьлжа-ГIала дIабигина, цигахь къайлахчу набахтехь сецош бу уьш. Iалхан-ГIалахь дуккха а нах лецарх лаьцна хаамбира нохчийн оппозицин 1ADAT, NIYSO телеграм-каналаша. 1АДАТ канало тептар довзийтина, лецначу бархI стеган цIе тIехь йолуш, NIYSO канало 14 стеган цIе йаьккхина. Кавказ.Реалиин Iалхан-ГIаларчу шина хьасто тIечIагIдо каналаша зорбане даьхнчу тептарштIера нах билггал лечкъийна бигар. Къамелдичнара кхин совнах хаамаш ца бина... Читать дальше...
Нохчийчуьра Веданан кIоштан кхело бехкевина меттигера вахархо Хайдаев Хьасейн экстремистийн материалаш йаржийна аьлла, цо дуьненаюкъарчу террорхойн ИГИЛ организацин Iаьржа байракх "ВКонтактехь" яржорна. Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин экстремизмана дуьхьало латточу центран белхахошна карийна иза. Административан гIуллакхан материалашкахь йаздарца, оперативан-лехаман "Тергойар" барамаш дIахьочу заманчохь ЦПЭ-н белхахочунна гучуйаьалла 32 шо долчу Нохчийчуьра вахархочун аккаунтехь ДаIишан символика. Читать дальше...