Нохчийчуьра школашкахь дешаран министраллин векалш берийн телефонашка хьийса буьйлабелла. Дешархойн девайсаш чохь лоьху "эхь-бехк" дохийна билгалонаш, хаамбина регионера йозуш йоцчу кхаа хьасто. Церан дийцаршца, дешархоша дина йозанаш доьшу, суьрташка а, стикершка а хьуьйсу мессенджерашкара. "Сан кIант ву иссолгIачу классехь доьшуш, цара шога цуьнан телефон теллина хиллера. Цхьа жоьжахати ю=кх хIара. Оха телефон дIацIанйина тхайн ма-хуьллу, тхайчаьрга дIа а хаийтира", - дийцина Соьлжа-ГIаларчу... Читать дальше...
Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело луьстур ду Нохчийчохь Оьрсийчоьнан армина "дискредитаци" йарх дуьххьарлера административан протокол. Арсаев Асланбекан хьокъехь хIоттийна ду иза, суьдхочуьнга Ибрагимов Эмильхане дIакхачийна. Жоьпалле озийначун йоллу цIе йогIуш ю къобалйазчу Ичкерин шарIан кхерамзаллин министран (1998-1999), Ичкерин къоман армин дивизионан генералан цIарца. Арсаев тIаьххьарчу шерашкахь Туркойчохь вехаш ву. Хетарехь, вуьйцург цуьнан цIархо ву. Оцу гIуллакхах кIорггера хаамаш карарчу хенахь хууш бац. Читать дальше...