Зулам дарх лаьцна хаам ца барна Нохчийчуьрчу кхело меттигерчу шина вахархочунна Тутаев Iусманна а, Амаев Мохьмадна а гIудаш йиттина – низамехь йоцуш герзаца йолчу вовшахтохаралле шаьш кхойкхуш кхаьчначу хаамах лаьцна низамхошка цара ца дийцарна. Теркйистерчу кIоштан кхелан сацамца а догIуш, 2022-чу шеран дечкен-баттахь Амаев, Тутаев шайна вевзаш хиллачу кхаа стагаца цхьанакхетта хилла. "Низам лардаран хьукматашна дуьхьало йан Iалашонца" низамехь йоцуш герзаца йолу вовшахтохар кхолла лаам хиларх лаьцна дийцина царах цхьамма... Читать дальше...
2022-чу шеран жамIашца, доьза байначу нехан терахьца дуьстича, кхоалгIа меттехь йу Нохчийчоь – Москва а, Москван кIошт а дIайаьлча. Дайначу шарахь республикехь 1 601 стаг лехамашка велла – йерриг пачхьалкхехь байначу нехан 4% йу иза. Нохчийчоьнан бахархойн терахь 1% ду йерриг Оьрсийчоьнан бахархойх. "Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн лехамийн, адам билгалдаккхаран гIуллакхехула йолчу чоьтаца" а догIуш, 2022-чу шарахь Оьрсийчохь тIепаза вайна лоруш вара 38,5 эзар стаг. Уггар дукха доьза байнарш Москвахь (2 387)... Читать дальше...
Адамийн бакъонаш ларйаран "Мемориал" центро тIечIагIдина кадыровхоша дечкен-беттан 8-хь нохчийн Iалхан-ГIалара 25 гергга вахархо лачкъийна хилар. Царлахь ву боху оппозицин 1ADAT, NIYSO телеграм-каналаша арахецначу тептаршна тIера 14 стаг а. "Мемориалан" хаамашца, Iалхан-ГIалахь нах лечкъор дечкен-беттан 7-чу сарахь доладелира, масех сахьтана дахделира. Кадыровхоша шаьш ца бовзийтира, муьлхачу хьукматашкара бу уьш бохуш лецначийн гергарчу наха шайга деллачу хеттаршна жоьпаш ца делира, лечкъийна нах йевзаш йоцучу меттиге дIабигира. Читать дальше...