КIиранах хилларг Оршот Тхаба-Ерды. ГIалгIайчоьнан Iедалан Iалашо яра евзаш йолу ширачу заманара вайнехан килс "Тхаба-Ерды" йохка. Амма ГIалгIайчуьрчу блогерша а, юкъараллин жигархоша а юхаяккхийтина и гIулч. Синмехаллин и объект дIаяла сацам бина Джейрах-Iаьссан территорин музейга, хаамбо шен сайта тIехь республикан министрийн кабинето. Оцу хьокъехь омра дина ГIалгIайчоьнан премьер-министра Сластенин Владимира. Килс Оьрсийчоьнан бахаман доладечу Росимуществон аукционе яьккхина хилар тидаме ийцира махкарчу бахархоша. Читать дальше...