Нохчийчуьрчу Iедалхоша диллина, цIена, тешаме къамел до бахархошца, цундела Малхбузен питанашна дуьхьало латтало аьлла, яздина нохчийн куьйгалхочо Кадыров Рамзана "ВКонтактерчу" шен пена тIехь. "ТIаьххьарчу заманчохь Нохчийчоьнан куьйгаллийна а, нохчийн къомана а дуьхьал кеп-кепарчу социалан машанашкахь йолийна йоккха информацин кампани ю. Малхбузерчу институташа эвсара йоцучу кепашца, амма тIетаьIIина хьийза бахархой меттахабаха, Iедал а, халкъ а къасто гIерташ. Халкъ а, Iедал а цхьа барт болуш хиларна... Читать дальше...
ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 17 пациент. Вирус къаьстина 600 стагаца. Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу штабан статистикаца, Краснодаран кIоштахь велла ялх дархо, Дагестанехь а, Ставрополан махкахь а пхиппа, ГIебарта-Балкхаройчохь кхелхина цхьаъ. Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 ун токхуш ву 1 467 пациент. ТIаьххьарчу дийнахь, бусий динчу зерашца, къаьсттина алсам бу ун даьлла нах Ставрополан махкахь: 139 стаг: Ставрополан махкахь̆ +139... Читать дальше...
Ставрополан кхело лаьцна вуьтуш кхин а шина баттана дIаяхъйина Ужахов Малсаган хан. 67 шо долчу къаночунна бехкаш дехкина, Iедалан векалан могашаллина зен дар, нах къепе йохо, низамехь доцург лелон гIовттор, оцу Iалашонца Iедалх йоцу юкъаралла кхоллар аьллачу артиклашкахь. Стохка Зазадокху-баттахь митинг йирзинчул тIаьхьа 150 эзар соьмана гIуда туьйхира Ужаховна, Чиллан -баттахь адвокатан аьтто хилира итт эзар соьме гIуданан барам охьабаккха. Товбеца-баттахь Гезгамашин-беттан 25-чу дийне кхаччалц лаьцна ваитира иза. Читать дальше...
Соьлж-ГIалин мэрихь дIаяьхьначу кхеташонехь сацам бина, буса итт сахьт даьллачул тIаьхьа уллохь воккханиг а воцуш, дуьйладелла лела бераш лоьцуш, рейдаш дIаяхьа. "Буса берашна тIехь Iуналла ца даро диканиг дохьур дац. Иштта, толлур ю буса, берашна езаелла компьютеран клубаш а цхьана", - аьлла, дIахьедина шахьаран мэрин векалша. Старопромыслан кIоштан прокуроро а, полисхоша а дакъалаьцначу кхеташонехь билгалдаьккхина, тIекхуьучу чкъураца беш болу болх жигара баккха беза аьлла.