Оьрсийчохь дийнахь-буса COVID-19 ун кхеттарца билгалваьлла 7523 стаг, хаам бина федералан уьнна дуьхьалоечу штабо. ШолгIа де ду цомгуш хуьлучийн барам 7 эзарнал сов лаьтта. Статистика йовзийтина тIаьххьара де ду Гезгмашин-беттан 25-гIаниг.
ТIеман-транспортан Ан-26Ш кема чудоьжна Харьковна гергарчу Чугуев гIалина уллехь сийсара. Велла чуьра 25 стаг – Украинан хIаваан ницкъийн университетан курсанташ а, кемалелорхой а. Дийна висина ши стаг. Чугуев гIаларчу аэродромна 2 километр юьстах чудеана кема. Иза лаьттах кхетале экипажан куьйгалхочо бина хаам бу: сецна аьрру агIор болу мотор. Иштта информаци елла журналисташна Харьков-мехкан администрацин куьйгалхочо Кучер Алексейс. 1977 шарахь арахецна а, тIаьххьара ремонт 1996 шарахь йина а хилла чудоьжначу кеманна... Читать дальше...
Францин коьртачу шахьарна Парижна 96 километр юьстах йолчу Эврё гIалахь иккхинчу девнехь вийна Нохчийчуьра схьаваьлла вахархо. Дов иккхина селхана сарахь нохчашний, Африкера бух болчу наханий юкъахь меттигерчу Xpress барехь. Леташ хиллачех цхьамма тапча тоьхна довхочунна, яздо actu.fr. ресурсо. Девнан бахьана хууш дац цкъачунна. ГIалара хьал тергоне эцна полицино а, прокуратуро а, толлуш ду зулам. Карарчу шеран аьхка Францерчу Дижон гIалахь масех дийнахь лаьттира Нохчийчуьра а, Къилбаседа Африкера а схьабевллачу наханна юкъахь девнаш. Читать дальше...