Вадийна волчу 19 шо долчу 1ADAT телеграм-каналан модераторан Тепсуркаев Салманан дас Тепсуркаев Ширванис видео яржийна, ткъа иза гайтина Инстаграмерчу "Грозный" телеканалан агIонехула Гезгмашин-беттан 12-чу дийнахь. Шен воI Нохчийчохь вац, аьлла цо. "Сайн воI Салман чохь волчу оцу эхьечу видеох лаьцна ала лаьа суна. Иза мехкал арахьа вара, ша болх беш ву олура, тхоьга ладугIуш а вацара. Ткъа и хилларг иза волчу оцу меттехь хилла ду", - аьлла Тепсуркаев Салмана. Цо дIахьедина, Нохчийчуьра Iедал декъахь дац воIаца нисделлачунна... Читать дальше...
Оьрсийчоьнан архитекторийн цхьаьнакхетаралло конкурс кхайкхийна, Музейх, Ленинах мукъаяьккхича, эцалур болу пайда къасто лерина. Оцу бараман хьокъехь сацамбира бутт гергга хьалха, амма зорбанехула дIа ца кхайкхийна Iалашо Гезгмашин-беттан 11-чу дийнахь бен. Конкурсан жамI довзуьйтур ду Москвахь "Зодчество" ("Дечиг-пхьеран говзалла") фестивалехь Лахьан-беттан 11-13-чу деношкахь. Фестивалехь дакъалаца кхайкхина суртдиллархой, архитектораш, могIара бахархой. Конкурсехь дакъалоцучо хьалххе чуяла... Читать дальше...
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбасела Кавказехь COVID-19 уьнах дарбан хIусамашкахь д1аваьлла 12 стаг, керла цомгуш хилларг ву 591. Оьрсийчоьнан уьнна духьалоечу Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь 6 стаг велла, Дагестанехь – 4, Ставропол-махкахь – 2. Пандемин муьрехь Къилбаседа Кавказехь велла 1390 вахархо. Дийнахь-буса а, ерриг хенахь а цомгуш хилларш: Ставропол-мохк +135 (13526) Краснодар-мохк + 90 (12285) ГIалмакхойчоь +88 (5247) Дагестан +83 (11926) Кхарачой-Чергазийчоь +63... Читать дальше...
"Iазапна дуьхьалоечу комитетан" ("Комитета против пыток") юристаша Нохчийчуьрчу вахархочун Тепсуркаев Салмананна накъосталла деш, арз хьажийна иза тIе видеокамера а ерзийна, шишанна тIехаоран хьокъехь. Масех де хьалха Краснодар-махкарчу Геленджикера лачкъийна вигина вара иза Соьлжа-ГIала. Дуьненаюкъарчу адмийн бакъонийн Конвенци стаганна тIехь Iазап латтор, адамаллин бакъонаш талхор доьхку низамаш хьашна Тепсуркаевца доьзна, боху Страсбурге хьовсийначу документаша. Бакъоларъярхоша дехна кхеле... Читать дальше...