Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирна Петарбухахь ду аьлла хета дуьнентIехь уггаре хаза маьждиг. Иштта аьлла цо шен Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца хиллачу цхьаьнакхетарехь, хаамбо ТАСС агенталло. Президента и ойла хазийна Кадыровс шега, деношкахь Шелахь схьадиллина «Бусалбанийн дозалла» маьждиг дуьнетIехь массарел хазаниг ду, аьлча. Европехь уггаре доккха маьждиг а ду иза, тIетуьйхира Кадыровс. Амма Путинна массарел хазахета маьждиг Петарбухарниг дуйла хиича, ша хIуттур вац пачхьалкхан куьйгалхочуьнца къийса... Читать дальше...
334 адам делира Бесланерчу №1 школехь 2004-чу шарахь. 186 бер дара царалахь. Чехерчу Скалова Иванкин сценарийца режиссеро Поленский Томаса кечйина бохам дагалоцу филм.
Оьрсийчоьно лехаме веллачу Илаев Амхьадна Украинан Iедалшка депортаци цаяр, бакъоларъярхошка оцу хьолан тергамбар доьху цуьнан зудчо Солдаева Лианас. "Кавказ.Реалиигахь" ю зудчо дечу дехаран текст. "Харковрчу Октябрски кIоштан кхеле лаьара суна аш, Илаев Амхьада ша махкара дIасавер цахиларх дечу дарех тоамбан дехар", - боху Солдаевас. Ша Илаевца 2009-чу шарахь бусалба дино ма-хьоьхху цхьаьнакхетта а ю, шайн ши бер а ду, уьш кхаба цхьа Амхьад бен а вац, яздо зудчо. Цо дийцарехь, Илаевс Нохчийчохь... Читать дальше...
Украинан Кхерамзаллин урхалло полице талла дIаделла Оьрсийчоьнан ГРУ-н (тIеман иччархойн урхалла) белхахочун, ГIалгIайчуьра схьаваьллачу Дзортов Тимуран гIуллакх. Оцу хьокъехь хаамбина Урхаллерчу пресс-гIоьнчас Гитлянская Еленас. «Талламаш оха беш бац, полице дIаделла гIуллакх, кхин цунах лаьцна дийца суна ца хаьа», - аьлла цо. Хьалхо Кхерамзаллин урхаллехь кьуйгалдинчу Грицак Василийс а, Украинан Инарла прокуроран гIовса Митиос Василика а хаамбира, Оьрсийчуьра хьовсийначу шпионийн тоба лаьцна аьлла. Читать дальше...