Bellingcat тобано The Insider а, Der Spiegel а газеташца цхьаьна теллина Хангошвили Зеламха верца доьзна лаьцна стаг мила ву. Цунна Германе вале массех де хьалха делла паспорт. Берлине кхаьчна иза кехаташца 1970 шарахь вина "Соколов Вадим Андревич" а волуш. Амма Оьрсийчоьнан паспортийн базехь вац ишта цIе йолу стаг. Керла паспорт яздина воцуш волчу стеган цIарх – оцо гойту иза пачхьалкхан Iалашо эцна араваьлла хилар, боху таллам дIабаьхьначу кхаа хьасто. И стаг, тешна а, ваьлла дозанах чекх ФСБ-н гIоьнца. Читать дальше...
Хасаевс ца вийна Аратюнов, Нохчашца барт беза дагестанхошна, ДАIИШах ловзарна - набахте
1996-чу шеран Марсхьокху-беттан 31-чу дийнахь самалхадаьлла вара, тIамо вуно дукха гIело йина велахь а, хIора нохчо. Хасу-Юртахь куьйгалхоша хIоттийра Барт. Дахар дикане дирзи, кхидIа мохк чIагIбойла, хазбойла хир ду къоман, аьлла хетара массарна а....
Къилбаседа Кавказан Ростоврчу тIеман кхело 10 шо хан тоьхна набахтехь яккха Ставрополерчу Сапрыкин Никитина, боху "Рамблер" агенталло. 2017-чу шарахь, шен 19 шо долуш, Дагестанехь эскаре гIуллакх дан вигинчу Сапрыкина бусалба дин тIеэцна. Ткъа кхушеран Iай Благодарное гIалахь байIат дина Малхбалерчу ДАIИШ-ан амирна ал-БагIдадина. Аьлча а, цхьана шена интернетехула вевзинчу Iаьрбичуьнга смартфонехула дIахьажийна хилла цо байIат деш видеофайл. Иштта ваьлла, боху, Сапрыкин ДАIИШ-ан могIаршка, кийча... Читать дальше...
ГIебарта-Балкхаройчоьно зезагех юзуш ю шайн шахьар Нальчик. Къилбаседа Кавказехь дуьххьарлера Зезагийн Гайтам хир бу цигахь тIекхочучу шоьтадийнахь – махко Конституци тIеэцна де даздеш. Ишта хаам баржийна REGNUM агенталло. Махкарчу а, тIебаьхкинчу а нахана лерина майданашкахь дIахьор ю концерташ, спектаклаш. Ткъа массо а барамийн коьртехь хир бу зезагийн гайтамаш – даздаршка бахка кечлуш бу Оьрсийчуьрчу регионашкара тоьлла флористаш.
Еарийдийнахь вовшахкхеттачу Дагестанерчу юкъараллийн декъашхоша дIахьедина, эгIийта йиш яц шайн махкарчу къаьмнийнний, нохчийнний вежаралла, аьлла. Жигархошна бахарехь, Iора а бохуш, емалбан беза къаьмнашна юкъа цим туьйсу нах, дерриг а дан деза бIешерашкахь лелла шина мехкан гергарло эшаме ца дигийта. Юкъархойх цхьамма, Хадулаев Шемала, дIахьедира, "нохчий а, дагестанхой а эгIон Iалашо а йолуш, леррина бан болийна болх бу шина а агIонна дуьхьал". Хадулаевс дехардина луларчу шина мехкан бахархошка... Читать дальше...
Екатеринбургехь бизнесхо Аратюнов Ашот вийна аьлла, Веданара дIа а вигина, оцу гIалахь кхела хьалха хIоттийра Хасаев Мовсар. Амма харцбира кхело талламчаш, таIзарх хьалхаваьккхира нохчо. Делахь а, кхелхинчун гергарнаш реза ца хилира оцу сацамца – лакхаделира дов. Хасаев Мовсаран гергарчара а, юьртхоша а чIагIдора, иза стаг вуьйчу мурехь хьовха, шен дахарехь цкъа а хилла вац Екатеринбургехь бохуш. Тахана Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело теллина АрутюновгIара дина хилла арз, тIечIагIбина Сверловскерчу кхелан сацам.
Федералан "Аштаркхне-ХIинжа-ГIала" некъан 399-чу чаккхармехь хиллачу некъахьовзамехь елла зуда, хаамбо "Регион online" портало. 64 шо кхаьчначу хIинжагIалахочун Škoda шен йоцчу асантIе а яьлла, дIакхетта дуьхьал йогIучу шина ВАЗ-2110 машенех. "Цхьана Жигули чуьра 58 шо долу зуда елла, дарбанцIийне дIакхачале, машенан да, лазийна, Бабаюьртарчу лоьрашна тIекхачийна", - яздо Дагестанан некъан полицин пресс-гIоьнчалло.