ГуцериевгIар - нехачул дукха ахча дерш, Хьан йоу Оьрсийчохь массарел дукха? Питане видеоловзар (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу
1992-чу шарахь, бIеннаш нах а леш, хIирашна а, гIалгIашна а юкъайоьлла конфликт компьютеран ловзаре ерзийна стаг лоьху ГIалгIайчоьнан Iедало. "Кавказна тIехь олалла" цIе а йолуш, даьржаш лаьтта ловзар зуламе ду, ГIалгIайчоьнан арахьарчу зIенийн, къоман политикан, зорбан министраллина хетарехь. Цо прокуратуре а, полицига а дехна RPG-ловзар кхоьллинарг бехктакхаме озор. Ловзаран авторо хьалхо интернетехь хаам баржийра, ша кхоьллинчу ловзаран рогIера дакъа хир ду "Карца юьрта уллехь йина кIело" цIе йолуш... Читать дальше...
Орцан ницкъаш а гIовттийна, Безенги-чIожехь лоьху ши ламталлархо зIене ваьлла, охьахиина хилла церан раци. И хаам баржийна кху муьрехь ГIебарта-Балкхароьнан орцанхоша. Схьакарийна чIожехь лоьху альпинисташ, могуш-маьрша ву шаьшшиъ боху, зIе хаьддера боху, кхечу спортхойн тобанна тIе а кхаьчна, аьтто баьлла церан шайгара хьал довзийта", - хаамбо ТАССС-о. Орцан урхалло орца кхайкхийнера хьалхо, Москвара а, Ялтера а веана ши ламталлахо вайна ГIебарта-Балкхаройн лаьмнашкахь селхана, аьлла. Уьш лаха арабаьхна бара орцанхой а, Ми-8 беракема а.
ГIалгIайчуьра ГуцериевгIар Оьрсийчохь уггаре бехаш доьзал бу, и хьалхе цо шегахь латтайо кху тIаьххьарчу деа шера чохь, яздо "Регион онлайн" портало. Forbes рейтинго гайтарехь, Оьрсийчуьрчу уггаре бехаш болчу оцу хьолахойн доьзалехь долу хьал кхочу 5,65 миллиард долларе. Бакъду, стохка кхин а алсам дара ГуцериевгIеран ахча – 6 миллиард долларе кхоччуш. Пачхьалкхехь массарел бехаш болчу итт доьзалан могIарахь иссалгIа бу нохчий БажаевгIар. Бажаев Мусан а, цуьнан гергарчийн а долахь ю 1,5 миллиард долларна капитал.
Оьрсийчохь уггаре аьхна, дегIана тоаме кхача буурш Къилбаседа Кавказан бахархой бу, яздо "Московский комсомолец" газето. Оьрсийчоьнан стистикан урхалло (Росстат) бахарехь, пачхьалкхерчу цхьана вахархочо стохка юккъерчу барамехь дийнахь-буса кхачо еш хилла шена 2651 килокалорица. Ткъа дуьстича, калорешца ен кхачо уггаре лакхара ю Оьрсийчохь дагестанхойн 3988. ШолгIачу меттехь ю ГIебарта-Балкхаройчоь – 3619. КхоалгIачу тIегIанехь ю ГIалгIайчоь – 3406 килокалори дийнахь-буса.
Ялтера а, Москвара а ломан бохь баккха веана ши спортхо де-буьйса ду зIенера вайна, уьш лоьху ГIебарта-Балкхаройчуьрчу орцан дакъоша, хаамбо "РИА Новости" агенталло. Черек кIоштахь, Безенги-чIожахь, ломан 4100 метр лакхарчу чхарнашкахь лехамаш болийна, аьлла, хаам кхаьчна. Йиллинчу хенахь зIене ца ваьлла ши ламталлархо", - боху хаамехь. Талламийн декъаоьзна Оьрсийчоьнан Орцан министраллера Ми-8 беракема а, орцанхой а.
Краснодар-мехкан Курганинск кIоштарчу Темиргоевки станицера 35 шо долу вахархо лаца кхайкхийна полицино. Шен зудчун йоIана, иза лечу кхаччалц йиттина цо, хаамбо "Блокнот-Краснодар" портало. Талламо бахарехь, кху беттан 24-чу дийнахь, "хьекъал луш", чIоггIа йиттина цо 4 шо долчу беранна. Цул тIаьхьа кхо де даьлча, йоI кхетам чуьра яьлла, ткъа баьхкинчу лоьрашка, иза лами тIера охьакхетта, аьлла хIусамдас. ДарбанцIийне юьгучу новкъахь дIаяьлла йоI. Лоьраша бахарехь, чоьже еттарна делла бер. Иза доцург... Читать дальше...