Петарбухера ХIинжа-гIала йоьдучу цIерпоштана тIулгаш диттина Нохчийчохь. Цунах лаьцна видео гучуяьлла социалан машанашкахь, хаам бо "Обзор" зорбан гIирсо. И инцидент маца хилла хууш дац, амма хууш ду "Санкт-Петербург – Махачкала" цIерпошт лелаш хилар хIора шалза (нечётныйй) деношкахь, ткъа тIаьххьара цигара цIерпошт Дагестанан коьртачу гIала кхаьчна Марсхьокху-беттан 23-чу дийнахь, билгалдоккху "Обзоро". Официалан структураша цхьа а комментарий ца йина аьчкан некъа тIехь хиллачу инцидентана. Читать дальше...
Кхарачойн-Чергазийчохь кIирандийнахь юхадолийна Нохчийчоьнан 25 шо долчу вахархочуьнан Молаев Шамилан дакъа лахар. Жима стаг вайна Марсхьокху-беттан 17-чу дийнахь, хийистехь садаIа ваханчул тIаьхьа. Гарехь, иза хе ваьхьна. "Регион-Онлайн" керланийн агенталло яздарехь, жимачу стеган луьйчуш пха озийначух тера ду. Оццул шуьйра стаг лахаран а, кIелхьарваккхаран а операци тIаьхьарчу хенахь хилла яцара Кхарачой-Чергазийчохь бохуш, хаам бо зорбанан гIирсаша. И гIуллакх шайн тидамехь латтош ду меттигерчу Iедалша. Читать дальше...
Берлинехь Маобит кIоштахь нохчийн къомах волу Хангошвили Зелимхан верна бехке хила мега аьлла шеко йолуш лаьцна Оьрсийчуьра вахархо. Цунах лаьцна хаам бина Берлинан прокуратуро шен Twitter-хь. Болчу хаамца, лаьцнарг латтош ву талламан изоляторехь. Цуьнан ду 49 шо. Немцойн "Берлинер-курьер" зорбанан гIирсо яздо и стаг Нохчийчуьра ву бохуш. Маршо Радионо яздина ма хиллара, Германехь тховкIело елла Хангошвили Зелимхан вийна ПIераскана дийнахь Берлинерчу Моабит кIоштахь. Рузбанан маьждиге воьдучу... Читать дальше...
Дарба лело Нохчийчуьра а, Дагестанера а ши бутт кхачанза долу 5 дIакхачийна шотдийнахь, Марсхьокху-беттан 25-хь, Оьрсийчоьнан Орцаллан министраллан кемано. Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша яздо иза дина хиларх лаьцна Дагестанан куьйгалхочо Васильев Владимира тIедилларца. Бераш дуьненчу девлла цхьацца могашаллица доьзна сакхташ долуш. ХIинжа-гIалахь а, Соьлж-ГIалахь а аьтто ца баьлла царна оьшуш долу лоьрийн гIо дан. КемантIехь берийн хьал шен тидамехь латтош хилла Ленинградан кIоштан коьрта неонатолог... Читать дальше...
Францехь дIайоьдучу G7 олучу уггар кхиина экономика йолчу 7 пачхьакхан саммитехь йийцаре йина Оьрсийчоьнах лаьцна тема. Цунах лаьцна кIирандийнахь Iуьранна дIахьедар дина Iамеркан президенто Трамп Дональда. Цо дийцарехь, цунна цкъачунна ца хаьа кхойкхур ву президент Путин Владимир G7 саммите я вац. Кхин хIара ду аьлла хIумма а ца далийна Трампа. Iамеркан президенто маситтоза хьахийна. 20I4-чу шарахь ГIирма дIалаьцначул тIаьхьа хийцинчу Оьрсийчоьно дакъалоцучу G8 кепе юхадерза дезар аьлла. Амма кхечу пачхьалкхийн лидерш дуьхьал бара. Читать дальше...