Оьрсийчуьрчу Ульяновск махкахь уьрсаца шен доьзал а, ша а вийна кхиазхочо. Бохам нисбелла Патрикеево юьртахь. Пхи дакъа – кхоъ воккханиг а, ши бер а – карийна доларчу цIа чохь. Цистина, Iиттина чевнаш ю массарна тIехь, яздо "Интерфаксо". ЦIенна 500 метр юьстах, цхьана мобилан зIенан гIишлонна уллехь карийна шен гергарнаш байина хила тарлучу кIентан дакъа. 6 адам дийна карор толлуш ю прокуратура, боху ТАСС агенталло.
Гуьржийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло резадацар хьажийна Оьрсийчу цуьнан дозанхоша а, Къилба ХIирийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллин комитетан векалша а автономи лаьттинчу мехкан административан дозанна гергарчу гуьржийн ярташкара 8 вахархо дIалацарна. Шида Картли регионан администрацино (Къилба ХIирийчоьнца доза долу гуьржийн кIошт) хаамбина, хIирашна уллерчу лома тIе, килсе ваха хьалаваьлча, лаьцна ворхI вахархо, ткъа цхьаъ – шен юьрта йистехь аренан белхаш беш, аьлла. "Тхо саготта... Читать дальше...
Тверь гIалина гергахь 1942-чу шарахь Германин фашисташца леташ кхелхинчу нохчочун дакъа а карийна, иза дIадолла Нохчийчу кхачийна. Оцу хьокъехь ТАСС агенталле хаамбина Оьрсийчоьнан тIеман-историн юкъараллин Нохчийчуьрчу декъо. "Оха берзийна Тверан махкарчу тIеман аренашкахь эгна нах лоху барамаш. Билгалонашца карийначех цхьаъ ву нохчо Хабилаев Хьамид, цуьнца шен медальон а, патармаш а, гранаташ а, топ а карийна, кхеташ ду иза тIом беш воьжнийла. Тхо зIене девлира ГIалгIайчуьрчу а, Нохчийчуьрчу а коллегашца... Читать дальше...