Дагестанехь куьйга йина 9 бомба карийна хиларх лаьцна хаам бина ФСБ-н меттигерчу урхаллан зорбанан сервисо. Полицин белхахой тIеIиттабелла хилла царна Генуб эвлахь. Бомбанаш хилла цу эвлахь тесна йолчу гIишлонан чохь. Церан юкъара ондалла ю 90 кила тратилца юьстича. Ма-дарра аьлча, куьйга йина бомбанаш биргIанаш хилла эдина наштаран подар а, аммиакан селитра а, арматуран дакъош а чохь долу. Куьйга йина бомбанаш хIаллакйина. Таллам болийна полицин векалша.
Францерчу инженеро-кхоллархочо Запата Франки-с Европа континентах Британи дIахадо Ла-Манш хидоькъе хадийна тIема долучу уьнан тIехь шозлагIа иза дан гIоьртинчул тIаьхьа. Цхьана бердера вукха берде кхача цунна эшна 22 минот гергга хан. Запата тIемавелира Францерчу хIордан йистерчу меттигера, ткъа охьахиира Британерчу Дувр гIалана гергахь. Цуьнан тIемаваларан уггар лакхара сихалла яра 177 километр сохьтехь. Запатас пайда эцнарг ю, ша кхоьллина Flyboard Air олу тIемайолу платформа. Цу конструкцин... Читать дальше...
Iамеркехь Огайо штатерчу Дейтон гIалахь мила ву ца хуучу стага герз диттина лаххара а 9 стаг вийна. Цунах лаьцна хаам бина цу гIалаин полицино. Герз диттинарг вийна. 16 стаг дарбанан хIусамашка кхачийна ву тайп-тапана чевнашца. Зуламхочо герз диттина дуккха а бараш а, буьйсанна болх бон клубаш а йолчу урамехь. ТIелетар динарг мила ву къастош ду. Цо и зулам даран бахьана хууш дац. Дейтонехь хилларг шозлагIа дуккха адамаш дайар ду Iамеркехь тIаьхьарчу дийнахь-бусий. Техасехь 20 стаг а вуьш, кхин а 26-на чевнаш а еш... Читать дальше...
Iамеркерчу Техасехь 20 стаг а вуьш, кхин а 26-на чевнаш а еш, Эль-Пасо гIалахь шотдийнахь Walmart туькана хьалха герзаца тIелатар дар толлуш ду теракт санна. Цунах лаьцна хаам бо CNN телеканало, Федералан талламан бюрора хьасташна тIе а тевжаш. Полици къастош ю 21 шо долчу Крузиус Патрика адамаш дайале социалан машанехь шен расистийн ойланаш хилар хоуьйтуш "манифест" йитина бохург. Цу дIахьедарехь, яздина ду герз деттар жоп ду "латиноIамеркахой Техасна чубаржарна" аьлла, ткъа иштта гIортор яр а... Читать дальше...
20 стаг вийна ткъа иттаннаш чевнаш хилла бу Мексикан дозанца йолчу Iамеркан Эль-Пасо гIалахь (Техас штат) шотдийнахь хиллачу инцидентехь, хаам бо ABC News телеканало. Цигахь Walmart туькана хьалха йолчу машенаш дIахIитточу майданахь герз диттина цхьана стага. Иза лаьцна полицино. Цу стага и зулам даран бахьана цкъачунна хууш дац. Гезхочо байинчу нахана юкъахь бу баккхий нах а, бераш а. Гиначара дийцарехь,зуламхо хилла "карго" олу эскархоша а лелош йолу хеча йоьхна, лерга йоьхкина ладугӀургаш а йолуш. Читать дальше...
Кху шеран хьалхарчу эхашарахь кхечу пачхьалкхашкарчу туристийн терахь алсамдаьлла Нохчийчохь 96%, хаам бина цу республикан туризман министро Байтазиев Муслима. Цо чIагIдарехь, 2018-чу шарца дуьстича кхушеран хьалхарчу кхаа баттахь Нохчийн Республике кхузза алсам баьхкина кхечу пачхьалкхашкара туристаш. Туризман министро дийцарехь, туристана тIелатар дина цхьа а меттиг хилла бац республикехь. Цуьнца цхьаьна, Байтазиев хьахийна Израилера туристаш Нохчийчу бахкарца доьзначу хаттарх, хаам бо "Грозный-информ" агенталло. Читать дальше...