Гуьмсан кIоштарчу полисхоша а, Новолакскан кIоштан ницкъахоша а цхьана юкъахь рейдаш дIаяьхьна Нохчийчоьнна а, Дагестанна а юкъарчу административан дозан тIехь нахана юкъахь къаьркъа моьлу нах лоьхуш. Оцу барамехь карабаьхкина юкъара къепе йохийна аьлла, лецна бигина хилла Гуьмса кIоштарчу полицин декъе меттигера бахархой. Церан хьокъехь административан материалаш а кечйина, кхетош-кхиоран къамелаш а дина, карарчу хенахь а зуламхой лоьхуш, болх бу жигара баьккхина дIахьош, яздо "Чечня Сегодня" агенталло.
Иркутскан кIоштахь токхамаш хиллачул а тIаьхьа доьза вайна лоруш хилла 30 стаг схьакарийна. Хаанза дуьсу меттиегрчу 11 вахархочун кхолламах. 22 стаг велла. "Интерфакс" агенталло бо и хаам, регионерчу Iедалхойн хаамашна тIе а тевжина. Иркутскан кIоштахь хиллачу уггар баккхийчу токхамаша даккхий зенаш дина 100 эвлана. Кхо эзар ах эзар хIусамаш йохийна. 33 эзар стаг висина тховкIело йоцуш. Iедалхойн зерашца, 29 миллиард соьмана эшам бина оцу токхамо. Байначу беттан 25-чохь дуьйна хи тIедала доладелира регионехь. Читать дальше...
Флоридерчу Планштейн гIаларчу йохка-эцаран центрехь динчу эккхийтарехь 23 стаг велла, шинна чолхе чевнаш йина аьлла, хааме даьккхина ABC7 News телеканало. Дийцарехь, лазийначех цхьаъ кхиазхо ву. Хьалхо яздора хаамийн гIирсашкахь, хетарехь, газ дIа а ихна хиллачу эккхийтарехь 20 стагна зенаш дина бохуш. Каркас йоцург дисина хIума дац ресторанах, ерриг а яьгна. Цул совнах гонахара гIишлошна а дина зенаш.
Тбилисехь Iедална дуьхьал йолийна протесташ бахьана долуш Казахстанера схьабевллачу декъашхоша вовшахтоьхна оьрсийн А’Studio поп-группан концерт юкъахъяьккхина Гуьржийчохь аьлла, хаамбина "Аджарин телевизионе" концерт вовшахтоьхначара. Батумерчу UP2U клубехь концерт яла дезаш бара, шайлахь гуьржийн орамаш долу Топурия Кети а йолуш, тобан декъашхой. Церан концерте билеташ байначу баттахь дуьйна дохка долийнера. Гуьржийчуьра схьаяьлла ю Топурия Кети. Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран агIонча лоруш ю иза. Читать дальше...
Германин социалан хьукматан белхахоша хьалхо нохчийн зудчуьнгара Солтагириева Хьавага, иза берех лета, ткъа да къаьркъа муьйлуш ву аьлла, дIадаьхна хилла бераш юхаделла доьзале. "Кавказ.Реалиига" бина и хаам берийн дейишас Маринас. Кху беттан юьххьехь Германига тховкIело йоьхуш хилла Хьава шен берашца Нохчийчу дIаяхна. Цуьнан цIийнда Межаев ИбрахIим Германехь сецца. 2015-чу шарахь дуьйна Германехь мухIажирийн статус йоьхуш бара и доьзал. МухIжирийн юкъара хIусамехь уьш бехачу заманчохь социалан белхахойн терго тIеоьзнера цара. Читать дальше...