Германин социалан хьукматан белхахоша хьалхо нохчийн зудчуьнгара Солтагириева Хьавага, иза берех лета, ткъа да къаьркъа муьйлуш ву аьлла, дIадаьхна хилла бераш юхаделла доьзале. "Кавказ.Реалиига" бина и хаам берийн дейишас Маринас.
Кху беттан юьххьехь Германига тховкIело йоьхуш хилла Хьава шен берашца Нохчийчу дIаяхна. Цуьнан цIийнда Межаев ИбрахIим Германехь сецца. 2015-чу шарахь дуьйна Германехь мухIажирийн статус йоьхуш бара и доьзал.
МухIжирийн юкъара хIусамехь уьш бехачу заманчохь социалан белхахойн терго тIеоьзнера цара. Кхачам боллуш шайн доьзалан дола ца до цара бохуш, чIагIдора цара. Стохка 8 шо долу Ислам а, 3 шо долу Сайфула а, 2 шо долу Iимран а дIаваьккхинера социалан хьукмато доьзалера. ХIеттахь йина Илона бераш дуьненчу дохучу дарбан цIийнера дIайигинра.
Нана жигара хьийзира шен бераш юхадерзо гIерташ. Кхелан кхеташонехь цо ша реза ю алара цIийндех дIакъаста а, цунна кхин дIа бераш ца гайта а, нагахь социалхоша бераш схьалахь.
Оцу юкъанна къаьстира, оьрсийн консулалло доьзалан документаш дIадехна хилар, уьш даймахка берзо Iалашонца.