Добавить новость


World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Август
2018

Новости за 06.08.2018

Radiomarsho.com 

ГIирма яккха бахийтинчаьрца "кадыровцаш" а хилла

Волонтерашна социалан машанаша аьтто бина Оьрсийчоьно ГIирма яккха хьовсийначу ницкъхошлахь нохчий а хиллийла Iорадаккха 2014-чу шарахь дуьйна талламаш беш схьабогIучу эксперташа гулдинчу тоьшаллаша шеко ца юьту Оьрсийчоьно ГIирма яккха шен эскарш хьовсийна хилла хилларх. Мохк лаца бахийтинчу эскархойн терахь ду 20 эзарне кхоччуш. Украинан иччархошна ГIирмехь хааделла Оьрсийчоьнан ницкъашкара дуккха а дакъош. Масална йоху хIара цIерш: Iаьржа хIордан гIаш-эскаран 810-гIа бригада, десантан эскаршкара 45-гIа лерринчу Iалашонийн дакъа... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Калининградерчу колонехь тутмакхна йиттина белхахо дIалаьцна кхело

Шен бакъонел а тIехваьлла, Iазап лелорна шеконашца дIалаьцна Калининградан кхело тутмакхийн колонехь кхерамзаллан декъан куьйгалхочун гIовс лаьттина Хакимов Даврон. Талламчийн версица,  кху Iай ФСИН-ан муьлш бу къастазчу белхахошца цхьана цхьахволчу тутмакхна йиттина хилла цо, цуьнан 10 пIенда а кагбеш. Зазадоккхучу-баттахь бехкзуламан гIуллакх долийна цунна дуьхьал. Амма оцу юкъанна балхара мукъаваьккхина ца хиллера Хакимов, ша дIалаццалц декхарш кхочушдинера цо. Регионерчу ФСИН-ан куьйгалхочо дIахьедина... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Венесуэлехь дIалаьцна 11 журналист

Венесуэлан президентна кIело йинчул тIаьхьа дIалаьцна 11 журналист. Меттигерчу Къоман зорбан союзехь хаамбарехь, буьйцурш бу Венесуэлан а, Испанин а, Аргентинан а хьостанийн белхахой. Кхин масех журналистна йиттина, къола а дина. Организацино таIзар де аьлла бехкеболчарна. Хьалхо Венесуэлан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло 6 дIалаьцна ву аьллера. Шоьтадийнахь Каракасехь йоьдучу тIеман парадехь президентна Мадуро Николасана кIело йира. Къайлахчу сервисийн хаамашца, тIелатар деш пайдаэцнера, хIаваэхь лилхинчу  дронех. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Диц ца ло нохчашна "ГIала Яьккхина Де"

1996-чу шеран Марсхьокху-беттан 6-чу дийнахь тIеман коьрта буьйранча Масхадов Аслан коьртехь а волуш, cатоссучу хенахь, Соьлжа-гIала массийта агIор чу а баьхкина, дуьххьара дIа оьрсийн эскархоша куп тоьхна меттигаш гоне лийцира тIемалоша. 877 тIемлочо «ЖихIад» операци дIайолийра. Шина кIиранах лаьттинчу тIемашкахь, официало бинчу хаамашца, 500 ца кхоччуш оьрсийн эскархо вийра, 1500 лазийра. Иштта, лар йоцуш вайна ши бIе ца кхоччуш салти а, милицин белхахой а. Ерриг йохийна 87 танк, 23 машен, 3 беракема. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Соьлжа-гIалахь "ЖихIад" операци дIаяьхьна 22 шо кхаьчна

22 шо кхаьчна тIеман коьрта буьйранча Масхадов Аслан коьртехь а волуш, 877 нохчийн тIемалоша эзарнашкахь лаьттачу Оьрсийчоьнан эскаршна го а лаьцна, "ЖихIад" операци дIайолийна, Соьлжа-ГIала федералан эскарех мукъайоккхуш. Цул тIаьхьа, Хасу-юртахь машаран дийцарш а дина, Кремлехь Ичкерин лидеро Масхадов Аслана а, Оьрсийчоьнан президента Ельцин Бориса а бертан куьйгаш яздира, тIом сацош бу аьлла. Шина кIиранах лаьттинчу тIамехь, официалан терхьашца, 500 ца кхоччуш оьрсийн салтий вийра 1,5 эзар лазийра.

Radiomarsho.com 

Нохчийчу а, ГIалгIайчу а оьхучу туристийн терахь 50 проценте даьлла Iедалхоша бахарехь

Къилбаседа Кавказан шина республикехь 50 процент лакхадаьлла чуоьхучу туристийн терахь, хаамбо PlanFox сайто. Шо карадеачхьана ГIалгIайчоьно тIеэцна 88 эзар гергга турист. Царлахь 10 эзар кхечу пачхьалкхашкара бахархой бу. Дуьненан футболан чемпионат йоьдучу заманчохь гергарлонаш тийсадаларца баьхкинера уьш. Нохчийчохь 2018-чу шарахь 72 эзар турист хилла, Оьрсийчоьнан бахархой боцурш, дозанал а арахьара а цхьана. Нохчийчуьрчу меттигашка бIаьргтоха оьхурш совбуьйлуш бу шо шаре, билгалдоккху PlanFox агенталло. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Индонезехь мохкбегийча 91 стаг велла

Индонезехь Ломбок гIайре тIехь мохкбегийча велла 91 стаг велла, бIеннашкахь бу чевнаш хилларш. Зен динчийн терахь кхиа тарло аьлла хета орцанхошна. 6, 9 магнитуда (ницкъан гайтам) йолуш, мохкбегоро дохийна цIенош, дIаяьккхина ток. Луларчу Бали гIайре тIехь а а хаабелла мохк бегош. Iедалхоша кхерамечу меттигашкара арабохуш бу нах. Байначу беттан 29-чохь кхечу гIайре тIехь а мохкбегийна велира 17 стаг, бIеннашкахь бара чевнаш йинарш.

Radiomarsho.com 

Емельяненко деша хIуттуш ву Нохчийчохь

Гоьваьлла оьрсийн латархо Емельяненко Александр деша хIуттуш ву Нохчийчуьрчу Миллионщиковн цIарахчу пачхьалкхан мехкадаьттан техникан университете. Социалан машанарчу шен аккаунтехь ша бина и хаам спортхочо. ТАСС агенталло яздарехь, "Нефтегазан гIуллакх" корматталла караерзо лаам болу Емельяненко экзаменашна кечам беш ву.

Radiomarsho.com 

Гуьржийчохь "Кадыровн доттагI" кхеле хIоттийна

Меттигерчу зорбанаша "Кадыров Рамзанан герггара ву" олу Хангошвили Муса дIалаьцна Гуьржийчохь. Полисхошна дуьхьалоярна бехкево иза, хаамбо "Рустави 2" телеканало. Гуьржийн хаамийн гIирсаша дийцарехь, даим а Соьлжа-ГIалахь веха Хангошвили дукха хан йоццуш Ахметан муниципалитетан Дуиси эвла веанера, шен нанна тIехIотта. Гуьржийчу кхаьчна а валале, полисхошца ши инцидент хиллера цуьнан. Дуисерчу полисхойн декъана гергахь, дош дашера даьллера цуьнан ницкъахошца. Кхело 2 эзар лари (830 гергга долларшкахь) гIуда тIе а дожийна, маьрша витинера иза. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Якутехь гIалгIачуьнгара деши а, дети а даьккхина

Якутехь лаьцна ГIалгIайчоьнан вахархо, Iедалца догIуш доцуш 67 миллион соьманна деза металл лелорна, хаамбо ТАССС агенталло. Хьостан информацица, 56 шо долу и стаг лоцуш цуьнан машенчохь гучудаьлла 29 кила деши а, 2,8 кила дети а. Кхело набахтехь даккха ши шо хан кхайкхийна цунна. Схьадаьккхина деши а, дети а пачхьалкхан доладаьккхина.




Radiomarsho.com 

Идлибна тIетаIа аьлла хьехна Кадыровс Шемарчу Iедалхошна

Шемара Идлиб гIала нуьцкъаша шайн караерзо еза пачхьалкхан Iедалхоша аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, цунна хетарехь, цигахь гулбелла  "Джебхат-ан-Нусра" тобан коьрта ницкъаш. Шен тelegram-каналехь бина Кадыровс цу кепара хаам. Эскархошна садаIа хан ма ло аьлла, хьехна Кадыровс Шеман президентна Асад Башарна. Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, "терроризмца къийсам латторехь Малхбузерчу политикийн къамелаша пайда ца беана, мелхо а цара дегайовхо лора террорхошна шайгара гIо хир ду аьлла". Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIала мукъаяьккхина де диц ца ло

...Сатоссуш баьхкира тIемалой. Мотталора уьш эзаршкахь бу. Амма вацара 800 бен. Меттах ца хьалуш, лацаделира федералан тIеман дакъош. ... Кхо кIира даьлча, Марсхьокху-беттан 31-чу дийнахь тIеийцира барт. Иштта чекхбелира шех "Хьалхарниг" олу тIом. Кхин цхьаъ хир бу аьлла ца хетара... ХIара видео дуьххьара зорбне яькхинера 2017-чу шарахь


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus