Нохчийчу а, ГIалгIайчу а оьхучу туристийн терахь 50 проценте даьлла Iедалхоша бахарехь
Шо карадеачхьана ГIалгIайчоьно тIеэцна 88 эзар гергга турист. Царлахь 10 эзар кхечу пачхьалкхашкара бахархой бу. Дуьненан футболан чемпионат йоьдучу заманчохь гергарлонаш тийсадаларца баьхкинера уьш.
Нохчийчохь 2018-чу шарахь 72 эзар турист хилла, Оьрсийчоьнан бахархой боцурш, дозанал а арахьара а цхьана.
Нохчийчуьрчу меттигашка бIаьргтоха оьхурш совбуьйлуш бу шо шаре, билгалдоккху PlanFox агенталло.
Стохкалерачу шарца дуьстича, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а хиллачу туристийн терахь 50 проценте лакхадаьлла.