Добавить новость


World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Август
2018

Новости за 18.08.2018

Radiomarsho.com 

Бевзаш боцчу наха йохийна "Эхо Москвы" радион YouTube-ра канал

"Эхо Москвы" радиостанцин YouTube-чу каналана чубоьвлла бевзаш боцу нах. Цара дIаяьхна цу тIехь хилла ерриг а материалаш. "Эхо Москвы" радион коьртачу редакторо Венедиктов Алексейс дийцарехь, иза хила Москох 2 сахьт даьлчхенахь. Цу каналан хилла 200 эзар язвалархо. Цу тIехь арайохуш хилла радионо кечйеш йолу программаш, эфире йовлуш хилла студера онлайн трансляцеш. Венедиктовс бинчу хаамца, и программаш дехьайохур ю "Эхо Общество" канале.

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнан дарже кандидаташ хаьржина Путина

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира ГIалгIайчоьнан депутаташка харжийта цу республикан куьйгалхочуьнан дарже хьалхатеттина 3 кандидат. Цунах лаьцна хаам бина Кремлан зорбанан сервисо. ГIалгIачйоьнан депутаташа харжам бийр бу карарчу хенахь и дарж дIалоцучу Евкуров Юнус-Бекана а, республикан Халкъан гуламан комитетан куьйгалхочуьнан когаметта волчу Богатырев Ильясана а, ткъа иштта Несаран гIалан гуламан декъашхочунна Евлоев Урусханна а юкъахь.

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь прокуратуро жоьпе озийна "ВКонтакте" сурт хIоттийна зуда

Устрада-ГIаларчу прокуратуро бехктакхаман гIуллкх долийна меттигерчу яхархочунна дуьхьал. Цунна бехке дуьлуш ду нацистийн символика "ВКонтакте" дIахIотторна. Юьйцург хIун символика ю билгалдоккхуш дац. Болчу хаамца, цу зудчо йохийна лоруш ю административан бакъо. Вуьшта аьлча, нацистийн атрибутика а, символика а  гайтар а, цунна пропаганда яр а. ГIуллкх толлуш ду, сацам цкъачунна бина бац, хаам бо Нохчийчуьрчу прокуратуран зорбанан сервисо.

Radiomarsho.com 

Нухажиевга гIо доьху Волгоградеhчу тумакхаша

Волгоградан кIоштарчу прокурораша таллам бан беза цигахь талламан изоляторехь латточу наха бинчу латкъамна аьлла, дIахьедар дина Нохчийчуьрчу омбудсмено Нухажиев Нурдис. Полисхошкара никъ бар ловш ду шаьш аьлла, Нухажиевга кехат яздина цигахь талламан изоляторехь чувоьллина латточу меттигерчу вахархочо Юшкин Игора, хаам бо Kavkaz.mk.ru сайто. Цо дийцарехь, вуно Iазап ловш ву цу чохь Нохчийчоьнан махкахо Уцаев Валид. Нохчийчуьрчу омбудсмене даийтинчу кехата тIехь дуьйцуш ду, цунна, боцу бехк тIеэцийта гIерташ... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ДАIИШ-на тIехь толам баккхалц дуьсур ду Iамеркан эскарш Шемахь

Iамеркан эскарш Шемахь дуьсур ду буьззинчу барамехь "Исламан пачхьалкх" (ДАIИШ) шех олучу тобанна тIехь толам баккхалц. Цунах лаьцна дIахьедар дина Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан векало  Саттерфилд Дэвида. Цо дийцарехь, билггала и позици яра Iамеркан президенто Трамп Доналда Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимирна ХIелсинкехь йовзийтинарг. Трампа хьалхо дуккхазза а дIахьедарш динера гергарчу хенахь Iамеркан эскарш Шемара арадохур долуш ду бохуш. Цо иштта хаам бинера ерриг аьлчанна Шеман... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нурмагомедов а, Макгрегор а латаре хьажа чувуьту билеташ дIасадоьхкина 3 минотехь

Iамеркин Лас-Вегасехь хин долчу Нурмагомедов Хьабибан а, Макгрегор Коноран а  UFC 229-н  коьрта латаре хьажа чувуьту билеташ дукха сиха доьхкина девлла. Цунах лаьцна хаам бина Dublin Live зорбанан хьастано. Болчу хаамца, билеташ декъна хилла механ 11 тайпане – 205$ тIера 2205$ кхаччалц. Уьш дIаэцна кхо минот ялале. Ши спортхо летар волу T-Mobile Arena ю 20 000 адам чутарлуш. Нурмагомедов а, Макгрегор а, летар ву ГIадужу-беттан 6-чу дийнахь.

Radiomarsho.com 

Нурмагомедов а, Макгрегор а латаре хьажа чувуьту билеташ дIасадохкина 3 минотехь

Iамеркин Лас-Вегасехь хин долчу Нурмагомедов Хьабибан а, Макгрегор Коноран а  UFC 229-н  коьрта латаре хьажа чувуьту билеташ дукха сиха доьхкина девлла. Цунах лаьцна хаам бина Dublin Live зорбанан хьастано. Болчу хаамца, билеташ декъна хилла механ 11 тайпане – 205$ тIера 2205$ кхаччалц. Уьш дIаэцна кхо минот ялале. Ши спортхо летар волу T-Mobile Arena ю 20 000 адам чутарлуш. Нурмагомедов а, Макгрегор а, летар ву ГIадужу-беттан 6-чу дийнахь.


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus