Добавить новость


World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Август
2018

Новости за 07.08.2018

Radiomarsho.com 

ХьаьжцIа боьлхучийн Соьлжа-ГIалара хьалхара тоба новкъаели

СаIуда Iаьрбийчу ХьаьжцIа Нохчийчуьра кеманца шинаридийнахь дуьххьара новкъаваьлларг ву, Динан урхаллин хаамашца, 174 вахархо. Хьалхо хиллачу хаамашца, кху шарахь Макка-Медина ваха лерина ву 2600 стаг, муфтиятан информацица. Соьлжа-ГIалара 15 рейс ю царна лерина, вовшахтоьхна. СаIуда Iаьрбийчоьнан Iедалша мехаш хьалабахарца доьзна, кху шарахь мел а харж ер ю ХьаьжцIа боьлхучийн. "Новкъайолучу тобанца цхьана ву динан урхаллан белхахо а, лор а. Кхушара ХьаьжцIа ваха Iалашо лаьцначу 2600 стагах... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Къилба ХIирийчоь 10 шо хьалха: "пхеа дийнан тIом"

Шайн махках дIакъаьстина Къилба ХIирийчоь юхаерзо гIоьртинчу Гуьржийчоьнан тIеман ницкъашца 10 шо хьалха, 2008-чохь, Марсхьокху-беттан 7-чу дийнахь, тIом болийра оьрсаша. 5 дийнахь лаьттира оьрсийн-гуьржийн тIом. Байира бIенаш нах, махках къахкийра эзарнаш бахархой. Цхинвалехь а, цунна гонах а Iийнира цIий. Оьрсийчоьно йозуш йоцу пачхьалкхаш ю аьлла къобал йина тIеэцна Къилба ХIирийчоь а, Абхази а. Цунна дуьхьал, Гуьржийчоьно дипломатин уьйраш хедийра Оьрсийчоьнца.

Radiomarsho.com 

Джемал Орхане тIаьххьара бIаьргтоьхна Москох

ккъерчу Африкан Республикехь вийначу оьрсийн журналистах Джемал Орханах тIаьххьара бIаьргтохар хилла шинаридийнахь Москох. Тахана дIавуллуш ву иза Хованан кешнашкарчу бусулбачийн секторехь. Африкерчу Оьрсийчоьнан векалалло байначу беттан тIаьххьарчу дийнахь дIакхайкхйира оцу пачхьалкхан Сибю гIалахь кхо стаг верах. ТIаьхьо оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министралло хааме даьккхира, цаьргахь карийна документаш Радченко Кириллан, Расторгуев Александран, Джемал Орханан а цIерашца ду аьлла.​Туристаш санна цу пачхьалке а бахана... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Гуьмсехь некъан бохамехь стаг велла

Шинарин Iуьйранна Гуьмса кIоштахь некъан бохам хилла. Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайто бина и хаам. Freightliner тIаьхьатесначуьнца юьгучу машенан 62 шо долчу шоферан урхалла карара а долуш, некъан йисте дIахьаьвзина йоккха машен тIекIал а яьлла, цул тIаьахьа машенах цIе кхерстина. Машенлелорхо велла. Бохам толлуш бу.

Radiomarsho.com 

Ловзаргахь герз кхийсина жимстаг кхеле хIоттийна

Зуда ялийначохь герз кхийсина жимстаг лаьцна дагестанхойн Кизил-юртахь. Машенан буьххье а ваьлла, хIаваэхь автомат йиттина хилла цо, дуьйцу республикерчу прокуратурано. Цо герз деттачу хенахь даьхна суьрташ а, яьккхина видео а маса дIасаяьржина хилла социалан машанашкахула, цул тIаьхьа лаьцна и стаг. Зуламан гIуллакх долийна цунна дуьхьал.

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра кхиазхо вайна Хасу-Юьртахь

Дагестанерчу Хасу-Юьртахь вайна Нохчийчуьра 15 шо долу кхиазхо. 4-гIа де а ду иза гергарчу наха лоьху. Зеламха ю вайначун цIе. Клетка йолу сийна таьIначу басахь хеча а, цIен коч а хилла цунна тIейоьхна.

Radiomarsho.com 

Германера нана а, йоI а елла дIаяллалц набахтехь юьтур ю БагIдадан кхело

Германин яхархо Надия К. БагIдадан кхело елла дIаяллалц набахте хьажийна, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан декъахь лаьттина аьлла. Deutsche Welle хьостано бина и хаам. Мароккера схьаяьлла Германин яхархо, Надиян нана а кху Iай ен кхайкхийнера. ДаIишхошца ша йолчу хенахь цо динчу зуламашна бекхейо и зуда Иракъан кхело. ТIаьхьо кхело шан сацам хийцира, елла дIаяллалц набахтехь юьтуш. Deutsche Welle хьостано билгалдаккхарца, 2014-чу шарахь нана а, йоI а Туркойчухула дIаяханера жихIадхоша шайн карахь латточу Шемарчу кIошта. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачале биъ урам тобан тIелаьцна шахьаран мэро

Соьлжа - ГIалин 200 шо кхачар даздан кечамаш бечу юкъанна, Нохчийчуьрчу Iедалхоша гIалин биъ урам тобан тIелаьцна. Дукха хан йоццуш шахьаран мэр хIоттийначу Кадыров Рамзанан йишин кIанта Закриев ИбрехIима дийцина цунах ТАСС агенталле. Цо бахарехь, 348 миллион гергга сом оьшур ду оцу гIуллакхна. Мухьаммад Iелин проспект а, Эсамбаевн, Орзамиевн, Назарбаевн урамаш а карладохуш белхаш болийна аьлла цо. 427 хIусамна хьалхара некъаш а, тротуараш а, берийн а, спортан а майданаш а кечйийр йолуш ю. ХIусамийн керташ... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шемахочо шен хиллачу нохчийн зудчо йина йоI лачкъийна

Шемарчу 40 шо долчу мухIажирна тIехь кхел йолийна Германехь. Иза бехкево, шен хиллачу 18 шо долчу Нохчийчуьра схьаяьллачу зудчо шена йина йоI лачкъорна. Markische Allgemeine газетано дуьйцу цунах деталашкахь. Шен хиллачу зудчо кхачо йоллуш цунна нанолла лелор дац аьлла хеташ, лачкъийнера ша шен йоI аьлла дийцина, Закарий цIе йолчу шемахочо. Цо тIе ца дуьту, шен хилла зуда юхаян лаамца ша бер лачкъийна бохург. Талламчийн версица, Германин Къилба Малхбалерчу Бранденбургехь хилла хIума ду и. Шемарчу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Автоматашца нах тIе а хIитттина дов хаьттина Хазбиевн

ГIалгIайн оппозиционеран Хазбиев Мохьмадан кхелехь тешаш лебар ца нисделла, кхеташоне уьш ца бахкарна. Амма кхел йоьдучу хIусамчохь ткъех гергга туьтмIаьжгаш йоьхкина, автоматашца нах бара, яздо "Кавказан узел" агенталло. Беттан хьалхарчу дийнахь кхелан процессехь видеозIенехула хеттарш дира "Э" Центрехь лелийначу къизаллашна бехкебинчу ГIалгIайчуьрчу полисхошка. Царех цхьаммо Беков Мохьмада бехкбиллира адвокатна Ибриева Хедина, ша кхеле хIотторна иза бехке а еш, ша кеста маьрша вериг хилар дага а доуьйтуш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Уггар а могуш бераш Нохчийчохь билгалдевлла

Уггар а унах цIена бераш долу регионаш билгалъяьхна Оьрсийчоьнан могушаллин министралло. 14 шаре кхаччалц болчу кегийрхошлахь уггар а могуш бераш Нохчийчохь ду. Цунах хаамбо RT (Russia Today) агенталло министраллан хьосташна тIе а тевжаш. Иштта, могушаллица къаьстинчу регионашлахь шолгIачу меттигехь ю ГIебарта-Балкхаройчоь, тептарехь кхолгIачу могIарехь дIатаръелла Тыва Республика, цунна тIаьхьа Адыгея, тIаккха Буряти.




Radiomarsho.com 

Ши миллиард тонн ялта хIаллакхилла Нохчийчохь

Нохчийчуьрчу юьртабахамна 1,9 миллиард соьмана зен хилла махкахь йокъо латтарна. Аномалан йовхо бахьана долуш 12 эзар гергга гектар дIадийначу латтанна зенаш дина. Хилла зен меттахIоттош Кремло гIо кхачор ду аьлла догйовха бу мехкан Iедалхой. Оьрсийчоьнан юьртабахаман министралло 1,318 миллиард сом компенсаци дIакхачо тIелаьцна. Дисинчу ахчан документаш федералан урхаллехь талламах чекхдохуш ду. Мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана социалан машанарчу шен агIон тIехь билгалдаккхарца, республикехь хIинцале а чудерзийна 310 эзар тонн ялта.


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus