Якутехь гIалгIачуьнгара деши а, дети а даьккхина
Хьостан информацица, 56 шо долу и стаг лоцуш цуьнан машенчохь гучудаьлла 29 кила деши а, 2,8 кила дети а. Кхело набахтехь даккха ши шо хан кхайкхийна цунна.
Схьадаьккхина деши а, дети а пачхьалкхан доладаьккхина.