Гуьржийчохь "Кадыровн доттагI" кхеле хIоттийна
Гуьржийчу кхаьчна а валале, полисхошца ши инцидент хиллера цуьнан. Дуисерчу полисхойн декъана гергахь, дош дашера даьллера цуьнан ницкъахошца. Кхело 2 эзар лари (830 гергга долларшкахь) гIуда тIе а дожийна, маьрша витинера иза.
Цул тIаьхьа 4 де даьллачул тIаьхьа, шолгIа Гурджуанехь дIалецира Хангошвили. Юьхьанца полисхошца къовсаме а ваьлла, цул тIаьхьа цаьрца тасавеллера иза.
Гуьржийчоьнан низамашца полицин белхахочунна дуьхьало йинчунна шина шарера пхеа шаре кхаччалц хан кхачайо.
Хангошвилис бехк тIе ца лоцу. Оршотдийнахь кхелахоша шайн сацам бовзуьйтур бу лаьцначун хьокъехь.