Индонезехь мохкбегийча 91 стаг велла
6, 9 магнитуда (ницкъан гайтам) йолуш, мохкбегоро дохийна цIенош, дIаяьккхина ток. Луларчу Бали гIайре тIехь а а хаабелла мохк бегош. Iедалхоша кхерамечу меттигашкара арабохуш бу нах.
Байначу беттан 29-чохь кхечу гIайре тIехь а мохкбегийна велира 17 стаг, бIеннашкахь бара чевнаш йинарш.