Карарчу беттан 28-чохь вайна Дагестанан вахархо, 25 шо долу Абакаров Тамерлан карийна полицин декъехь. Цуьнан дегIа тIехь ницкъбина таммагIаш ду. Иза бехкево низамехь доцуш герз а, оьккхуьйтург а латторна, хаам бина адвокато Гададов Исрафила. Бакъоларъяран органийн версица, яхначу кхаарин буса полицин а, ФСБ-н а белхахоша ХIинжа-ГIаларчу Примаковн урамехь оперативан барамаш дIахьочу заманчхь "шеконе стаг" гина хиллера царна. Кехаташ хаьттича, къайлавала гIоьртинера иза, маьттаза мотт а лебеш. Куьйгех гIоьмаш а тоьхна... Читать дальше...
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина 77 дархо, керла ун къаьстина 1335 стагаца. Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 32 вахархо, Дагестанехь -11, Ставропол- махкахь а, Нохчийчохь а -барх-бархI, Кхарачой-Чергазийчохь - ялх, ГIебарта-Балкхаройчохь - пхиъ, ГIалмакхойчохь - виъ, Къилбаседа-ХIирийчохь - шиъ, ГIалгIайчохь цхьаъ дархо велла. Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 13 074 стаг, боху официало.... Читать дальше...
Гуьмса-кIоштарчу дарбан цIийнехь еллачу Нохчийчуьрчу яхархочун хьокъехь талламаш болийна бакъоларъяран органаша, мехкан прокуроран Абдул-Кадыров Шарпуддин тIедилларца. Яздо цунах лаьцна меттигерчу хаамийн гIирсашкахь. Болчу хаамашца, пIераскан буса кхо сахьт долучу заманчохь Гуьмсерчу коьртачу лазартнехь дарба лелош хилла зуда реанимацин декъан 6-чу гIат тIера чуйоьжна. Йинчу чевнех кхелхина иза. Хиллачунна тIекхиа гIерташ талламаш бу дIахьош карарчу хенахь.
Наркотикашна тIехула тоьхна кхо шо токхуш йолу Къилбаседа-ХIирийчуьра блогер Джикаева Малика (Милана) психиатрин лазартне хьажийна. Карарчу хенахь хууш дац билггал иза йолчу меттигех я цуьнан адвокатана, я гергарчарна а. Шен нене, Кудзиева Анжеле хаийтинера Джикаева Маликас кху беттан 29-чохь, ша дарбан цIийне хьажорах, Рыбинскан психиатрин дарбан хIусаман цIе а йоккхуш. Мел бух болуш ду и хаа аьтто ца хилира йоьIан гергарчийн. Джикаева Маликин адвокато Бедоева Инарас Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь билгалдаьккхина... Читать дальше...