Пачхьалкхан думехь пхеа шарахь цхьана а кхеташонехь дош аьлла, бистхилла бац Къилбаседа Кавказерчу мехкийн - Дагестанан а, Нохчийчоьнан а, Адыгейн а цIарах болу депутаташ. Халкъо хаьржинчара низамаш юкъадахарехь бинчу белхан хьесап а дина, Znak.com, "Важные истории" гIирсаша дийцина "бага хи лаьцча" санна, цхьана а кепара "инициатива йоцчу" депутатех. Парламентан лахарчу палатехь шаьш белхаш бечу юкъанна я думин трибуни тIера а, я шайн белхан меттигашкара бист ца хиллачу 22 депутаташлахь билгалбаьхна Къилбаседа Кавказан векалш а цхьана. Читать дальше...
Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла дийнахь-буса 42 пациент, цомгуш хилла кхин а 828. Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамнгарх велла 21 стаг, Ставропол-махкахь уьнах кхелхина – 7, Дагестанехь - 2, ГIебарта-Балкхаройчохь а - кхоккха, Кхарачой-Чергазийчохь а, а, ГIалмакхойчохь а, Нохчийчохь а - цхьацца велла. Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официало 11 440 стаг. Массанхьачул дукха ду дараш Краснодар-махкахь... Читать дальше...
Германерчу Мекленбург- Хьалхара Померани (Mecklenburg-Vorpommern) олучу федералан лаьттIа тIехь йолчу конституци Iалашъяран урхаллан белхахочунна дуьхьал таллам болийна Германин федералан прокуратурано, 2020-чу шарахь къайленан хаамаш цо Iорабаьхна хила тарло аьллачу шеконашца. Дахначу пIераскан дийнахь федералан лаьттан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайтехь хаам бина цунах лаьцна. Информацехь яздарца, таллам бечу юкъанна министралло мел оьшу гIо кхачор ду, ткъа белхахо ханна балхара цIахь витина, цуьнах шеко кхоллаяларна. Читать дальше...
Контртерроран операци дIахьочу заманчохь Нальчик гIалин йистехь байина нах тIемалой бара аьлла, дIакхайкхийна Къоман антитерроран комитето (НАК). ТАСС агенталло яздора, сатосуш регионерчу оперативан штабо контртерроран операцин (КТО)раж кхайкхорах Нальчикехь. Баксанехь а цхьана юкъаялийра КТО-н раж сатесначул тIаьхьа. Операци дIахьочу зонехь тIемалой бу лоьхуш аьлла, дIахьедира оперативан штабо. Меттигерчу бахархоша дийцира, спецопераци дIахьочу меттигашкахь хезаш ду дуьйлу герзаш, тIехула хьийзаш вертолеташ а ду аьлла. Читать дальше...