ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах велла 51 пациент, кхин тIе цомгаш хилла – 1036. Iедалхойн хаамашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина 21 стаг, Ставропол-махкахь – ворхI, Нохчийчохь - ялх, Дагестанехь - пхиъ, Адыгейхь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а - кхоккха, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIалмакхойчохь а, ГIалгIайчохь а - шишша велла. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла COVID-19 вирусах вахархо 11 806 стаг. Къаьстина дукха бу ун даьлларш тIаьххьарчу 24 сахьтехь Краснодаран кIоштахь... Читать дальше...

Дахначу шоьтан дийнахь, Товбеца-беттан 10-чохь, Венерчу Оьрсийчоьнан векалаллана хьалха митинг хIоттийнера политикан тутмакхашкахьа, царна тIехь Iазап латторна дьухьал. Оьрсийчохь жигархошна политикан бух тIехь тIаьхьабевлла леларна а, талламан изоляторшкахь а, колонешкахь а гIело латторна а тIехь терго яр доьхуш, кхайкхам бира Евробарте митинган 12 декъашхочо. Гуламехь бистхиллачарлахь бара Австрерчу "Ичкерия" культуран юкъараллан векалш Исханов Хьусейн а, Дунаева Роза а, Ипаев Хьамзат а, политикан жигархо Бородецкая Екатерина а. Читать дальше...
UFС- латархочун Чимаев Хьамзатан рогIера латар хир ду ГIадужу-беттан 30-чохь, цуьнан оппонент ву китайхо Джинлианг Ли, хаам бина sportbox.ru интернет-портало. UFC-267 турниран гурашкахь хиндолу талсадаларш дIахьура ду Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташкарчу Абу-Дабехь. Хаамийн гIирсо билгалдаккхарехь, контракташна хIинца а куьйгаш яздина дац, амма шина а агIоно шаьш резахилар дIахаийтина. UFC-н чемпионатехь рекорд хIоттийра Чимаевс – 66 денна чохь туьйлира кхузза. Карарачу шеран юьхххьехь критика йира цунна... Читать дальше...
Бакъоларъяран органийн белхахошна тIелетта меттигера вахархо вийна Нохчийчохь, полисхошна зен ца хилла аьлла, хааме даьккхина шоьтан сарахь Талламан комитетан урхалло. ЧIагIдарца, инцидент Iоттаелла пIераскан суьйранна ялх сахьт долучу заманчохь Висаитовн кIошта чувуллучохь. Урс карахь долчу вахархочо тIелатар динера полисхойна тобанна, стационаран постехь ха дечу хенахь. Полисхоша герз тоьхна зуламхочунна, дарбан хIусамехь кхелхина иза йинчу чевнех. Герз когах тоьхна тIелеттачунна, яздо "Комсомольская правда" газетано. Читать дальше...