Германин малхбузехь хи тIедалар бахьана долу велла 100 гергга меттигера вахархо. 1,3 эзар гергга ву малхбузерчу Арвайлерехь доь доцуш вайнарг. Хиш дестаран бахьана ду саццаза дилхина догIанаш
"ДжамаIат" террорхойн юкъараллана тIехула долчу гIуллакхца номер 2 йолчу колонехь хан яьккхинчу Очиров Савелийна пхи шо хан кхайкхийна ГIалмакхойчохь. Талламан версица, 2015-чу шарахь оцу тобана юкъа вахна Очиров, ша колонехь воллушехь, церан могIаршкахь лаьттина 2019-чу шарахь ша маьрша ваккхалц. 2013-чу шарахь оццу номер 2 йолчу колонехь, бакъо йоцуш герзаш лелорна, таIзар токхуш хиллачу Дагестанерчу Гасанов Шахбана вовшахтоьхна хилла набахтехь террорхойн организаци, тIаьхьо церан могIарш дуьзна 100 тутмакхо аьлла хета талламчашна. Читать дальше...
Германин малхбузехь хи тIедаьлла 100 гергга меттигера вахархо велла. Deutsche Welle ресурсо дуьйцу меттигерчу Iедалхошна тIетевжина, 1,3 эзар ца кхоччуш бу Германин малхбузерчу Арвайлерехь доь доцуш байнарш. Бахьана ду - саццаза охьаоьхучу догIанаша хи дестор. Оцу кIоштахь хаьдда мобилан зIе, цундела Iедалхойн дегайовхо лаьтта, шаьш болчу меттигах дIахаийта аьтто боцуш уьш бисина хила там бу аьлла, яздо Настоящее Время проекто. Eon энергокомпанин зерашца, карарчу заманчохь, 165 эзар гергга Малхбузерчу Германехь ток йоцуш бисина... Читать дальше...
"Арахьара агенташ" леринчу журналисташна тIехIуьттуш, дуьхьалонан акцеш ю дIайоьлхуш Новосибирскехь. Оьрсийчохь журналистан говзалла хIаллакъеш хиларх, дIахьедо акцин декъашхоша. "Такие дела" ресурсан журналист Логинова Рита яьлла, "Журналисташ мостагий бац" Хаамийн гIирсаш маьрша хила еза!" аьллачу плакаташца гIалин юккъерчу майдана. Пикете ваьллачу кхечун плаката тIехь яздина ду: "Iедалхойх лаьцна талламаш бо "Проекто" - цуьнан авторех "арахьара агенташ" бо", "Журналистика - зулам дац". "Проект" ресурс "ца оьшу организаци ю" аьлла... Читать дальше...
Путинан пресс-секретара Песков Дмитрийc дIахьедина, гIалгIазакхашна Росгвардехь "ерриг а бакъонаш а лур ю, декхарш а хIиттор ду" аьлла.
Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, 57 дархо велла COVID-19 уьнах, кхин а тIе цомгаш хилла 1167. Iедалхойн хаамашца, Краснодаран кIоштахь велла 25 стаг, Норхчийчохь – бархI, Ставропол-махкахь а, Дагестанехь а - ворхI-ворхI, ГIебарта-Балкхаройчохь -виъ, Кхарачой-Чергазийчохь а, Адыгейхь а, ГIалмакхойчохь а - шишша велла. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми юкъаяьлчхьана велла COVID-19 вирусах 12 077 стаг. Къаьсттина дукха буу н даьлларш тIаьххьарчу дийнахь-буса Ставрополан кIоштахь, кIезиг бу – Адыгейхь. Читать дальше...
2006-чу шарахь Лондонехь дIовш делла, вийначу къайлахчу сервисийн эпсаран Литвиненко Александран кхолламах лаьцна "Литвиненко Александран дахар а, валар а" цIе йолуш хIоттийна дуьненан опера гайтина исбаьхьаллин Grange Park Opera фестивалан гурашкахь Британехь. Аншлаг хуьлуш дIадаьхьна гайтар. Гольдфарб Александра язйинчу "Диссидентан Iожалла" (оьрсийн матте гочдарехь - "Саша, Володя, Борис. Верах истори) книгин буха тIехь кхоьллина ю операн сюжет. Цо дIалоцу Литвиненкос къайлахчу сервисашкахь болх бина мур а... Читать дальше...
ГIалгIайчохь меттигера кхо вахархо лаьцна (25,35,40 шераш), гIаттамхошна гIоьналла латтийна ву аьлла. Талламан версица, 2011-2015-чу а шерашкахь тIемалошна сурсаташ латтийна цара, ГIалгIайчухула машенахь дIаса а лелийна, уьш гIаттамхой буй хуушшехь. Лаьцначех цхьангара тапча яьккхина, ницкъхоша хаам барехь, лехамашкахь а хилла иза. Бехкзуламан гIуллакх дуьхьал даьккхина царна, герзашца лелачу тобан декъашхошна гIоьналла латторна а, бакъо йоцуш герз лелорна а, яздо Кавказский узел ресурсо. 1999-... Читать дальше...
Радио Маьрша Европа/Маршо Радио (Радио Свободная Европа/Радио Свобода) медиакорпорацин президент Флай Джейми саготта ву Оьрсийчоьнан юстицин министралло "арахьарчу агентех" дIатохарна оьрсийн сервисан журналист Маетная Елизавета. "Аудиторина ма-дарра бакъдерг довзийтархьама, шайн корматаллехь карадирзинчух пайдаоьцуш болу, Оьрсийчоьнан бакъболу патриоташ бу тхан белхахой. Бозуш боцчу хаамийн гIирсашна Кремло шен тIелатарш чIагIдарца Оьрсийчоьнан бахархойн аьтто ца хуьлу шайн пачхьалкхехь кхераме хьал тIехIоьттича... Читать дальше...