Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан проректор, педагогикан Iилманийн доктор, профессор Арсалиев Шавади кхелхина коронавирусан уьнах тахана, Товбеца-беттан 18-чу дийнахь. Махкарчу хаамийн гIирсаша бина цунах лаьцна хаам. КарабогIучу беттан 24-чохь 63 шо кхочур дара цуьнан. Нохч-ГӀалгӀайчуьра Веданан кӀоштан Гуьнахь вина вара Арсалиев. 1974 шарахь чекхъяьккхира цо Гуьнара юккъера школа. 1984-чушарахь чекхъяьккхина цо Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан филологин факультет. 1983-1989-чу... Читать дальше...
Парламенте а, мехкан бахархошка а рогIера дIахьедарца вистхилла Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, цуьнан коьртачу теманех хилла могушалла Iалашъярца доьзна хьал. Политико тешийна, Нохчийчоь "пандемин ирачу муьрех" чекхъяьлла хиларх а, карарчу хенахь оьрсийн вакцинаца прививкаш а йойтуш, кхиаме юкъара иммунитет кхиош хиларх. Мехкан урхалхочо билгалдаьккхирна, "йоццачу хеначохь санитаран-эпидемиологин ситуаци кара а ерзийна, социалан а, экономикан а, республикан бахархойн дахар а дIанисдан" Iедалхойн аьтто балар. Читать дальше...
Тахана, Товбеца-беттан 18-чу дийнахь бовзийтинчу хаамца, тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирус толлуш 3820 тест йина. Роспотребнадзоран урхалло довзийтина терахьаш, яздо "Чечня Сегодня" агенталло. "Таханалерачу дийнахь верриг а ун хааделларг ву 14318 стаг, тIаьххьарчу 24 сахьтехь 124 вахархочуьнца гучуяьлла коронавирус", - аьлла ду хаамехь. Махкахь 12655 вахархочунна дарба а хилла, лоьрийн тергонера дIаваьккхина, кхелхина COVID-19 вирусах 240 дархо. Карарчу хенахь ун токхуш ву 1423 вахархо. Чиллан-баттахь Кадыров Рамзана хаамбира... Читать дальше...