Эрмалойчоьнан премьер-министро Пашинян Никола дарж охьадиллина. Тахана, Охан-беттан 25-чохь, меттигерчу телехьожийлехь дина цо оцу кепара дIахьедар, яздо "Новости" агенталло. "Товбеца-беттан 20-чохь рогIера боцу парламентан харжамаш дIабахьийта тахана сайгарчу даржах волу со", - дIахьедина политико. Оцу юкъанна цо билгалдаьккхина, харжамаш хиллалц боллучу барамехь премьеран декхарш кхочушдийр ду ша аьлла. Иштта Пашиняна тIетоьхна, хинболчу харжамашкахь "Гражданский договор" партин цIарх шен... Читать дальше...
Коронавирусан уьнца къийсам латточу оперативан штабан зерашца, Оьрсийчохь 8 780 стагаца вирус хааелла тIаьххьарчу дийнахь-буса. Верриг а пачхьалкхехь COVID-19 ун даьлла ву 4 762 569 стаг. Яхначу буса вирус кхеттачех велла 332 дархо. Пандеми яьржичхьана Оьрсичохь уьнах кхелхина 108 232 пациент. Вирус чуеачхьана товелла 4 388 008 стаг. Оьрсийчохь Стигалкъекъаа беттан 1-чу дийнера 11-чу дийне кхаччалц мукъаденош дIакхайкхийна. Эксперташна хетарехь, доккхачу декъана офисашкахь а, школашкахь а ун даьржаш хиларна... Читать дальше...
Москварчу кхело набахтен шогачу хьелашкахь даккха 14 шо хан тоьхна Абхазера схьаваьллачу Газзаев Кахина. 2019-чу шеран Мангал-баттахь криминалан авторитет Иваньков Вячеслав, Япончик цIарца дика вевзаш хилла, вуьйш цо дакъалаьцна аьлла, бехк тIечIагIбина цунна. Кхеле хIоттийначу боллу бехк тIелацарна, леринчу къепехь толлуш дара цуьнан гIуллакх, материалаш зен а ца зуьйш. Хьалхо Москван а, Астраханан а кхелаша йиттина хенаш а текхна валанза хилар чоьте а эцна, хьесап дира суьдхоша. Дукха шира гIуллакх ду аьлла... Читать дальше...
Османан имперехь 1915-чу шарахь эрмалой хIаллакбар геноцид ю аьлла КIайчу цIийно. Оцу кепара дIахьедар дина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Байден Джос Охан-беттан 24-чохь, и хиламаш дагалоьцучу заманчохь. Америкерчу шина а конгрессийн палатано 2019-чу шарахь и зулам геноцид ю аьлла, тIеийцира, амма резолюцина тIе ца тайра хIетахь Американ хиллачу президентан Трамп Дональдан администраци. Кеп-кепарчу зерашца, 1915-1916-чу а шерашкахь Османан империн дозан тIехь байина 1, 5 миллион гергга эрмалой. Читать дальше...